Нурмагамедов: вайнах даим вайца бу
Цул тIаьхьа Макгерора яздира Нурмагомедовх лата кечлуш шена гIо деш джиу-джитсух латархо Нохчийчуьра Магомадов Аюб хиларх лаьцна.
Цу посташна жоп луш Инстаграмерчу шен агIонехь иштта яздина Нурмагомедовс: "Iуьйранна самаваьлча кхийтира cо: тхоьца воцург, иза тхоьца воцуш ву, вайнах даим вайца бу. Ткъа вуьшта, ловзарш, боху, дуьйладелла, оха ладоьгIуш берг тIом ма бай".
Нурмагомедов а, Макгрегор а летар ву ГIадужу-беттан 6-чу дийнахь Iамеркан Лас-Вегасехь.
