Сунжа кIоштахь керла префект хIоттийна
"Дуккха а шерашкахь Ассиновскан юьртда лаьттина ву Терхоев. Шена тIедехкинчу декхаршца кхиамца ларош вара иза. Цул совнах, Кадыров Ахьмадан мидалца совгIат дина цунна. Со тешна ву, керлачу даржехь а иза ларор ву аьлла", - аьлла, билгалдаьккхина Кадыровс.
