Экстремизме посташ, репосташ йинчунна таIзар догIу аьлла бинчу хаттамахь
Информаци яржоро доккха зен дохьу аьлла хета респонденташна. 23 проценто шаьш дуьхаьл ду аьлла репост йинчунна таIзар дарна. Дала жоп дац шайн аьлла 22 процент бахархоша.
ФОМ-ан хеттаршкахь дакъалаьцна 53 регионашкарчу 104 кIоштийн 1500 стага. ХIора 3-чо, ша пайда ца оьцу аьлла социалан машанех. 64 проценто билгалдаккхарехь, экстремистийн хетачу посташна тIеIиттабелла уьш социалан машанашкахь, амма полици арз ца дина.
Карарчу беттан тIаьххьарчу деношкахь президентехула адамийн бакъонаш ларъечу Кхеташоно антиэкстремистийн низамехь хийцам а бай, сийсазвен йозанаш дарна набахте хьажор сацаде элира.
