Мохьмад Пайхамарна карикатураш йохкуш конкурс юкъахъяьккхина
Лахьан-баттахь дIаяхьа кхайкхийнера маршонан Партин офисехь Мохьмад Пайхамарна карикатураш йохку конкурс. Тоьллачунна дала дIахьединера 10 эзар доллар. Нидерландийн Iедалхой а дуьхьал бацара конкурс дIаяхьа, дешан маьршо лелаш ю аьлла.
Пакистанехь протесташ йолийра, конкурс дIаяккха я Нидерландийн Карачера векал пачхьалкхера араваккха бохуш.
Фейсбукан агIонехь Вилдерсна кхерамаш тийсина пакистанхо дIалецира Гаагехь шинаридийнахь. Нидерландийн арахьарчу гIуллакхийн министраллан векалш ца боьлхуш севцира Пакистане.
Исламан динна дуьхьал ден дIахьедарш бахьана долуш, Вилдерсна кест-кеста кхерамаш туьйсу. Стохка харжамийн кампани йоьдучу муьрехь дIахьедар дира цо, нагахь ша премьер-министран дарже кхачахь, бусулба мухIажиршна дозанаш доьхкур ду, КъурIан дохкуьйтур дац, маьждигаш дIакъовлур ду ша аьлла.
Нидерландашкахь бехачарлахь бусулбанаш 5 процент бу.
