Боксёр Мейвезер веана Соьлж-ГIала
![Боксёр Мейвезер веана Соьлж-ГIала](https://gdb.rferl.org/13FA24D9-5EC2-40FB-9918-03E6C8E9112D_cx24_cy11_cw50_w800_h450.jpg)
Вевзаш волу Iамеркан боксёрр, 12-за дуьненан чемпион, Мейвезер Флойд веана Нохчийчу. Соьлж-ГIаларчу аэропортера вевзаш волу спортхо вахара Соьлж-ГIалин юккъе.
Цунах лаьцна хаам бина республикан куьйгахочо Кадыров Рамзана. Цо дийцарехь, Мейвезер дуьххьара вогIуш вац Нохчийчу. РогIера иза Соьлж-ГIала кхачар дозна ду и гIала йиллина 20 шо кхачар даздарца.