Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Октябрь
2018

Магасера гуламхой: "Тхо цхьа йист яллалц лаьттар ду"

0
Магасера гуламхой:

ШолгIа кIира доьрзуш лаьтта Магасехь протестан гулам болийна. Массийтта эзар стаг лаьтта, къастам хиллалц цIа ца ваха чIагIонаш а еш, шайн мехкан Iедало Нохчийчоьнца доза къастош яздинчу кехатна  резавоцуш.

Шайн позици гуламан делегаташа дIакхайкхийна Оьрсийчоьнан президентан векалшца хиллачу цхьаьнакхетарехь. Кремлера баьхкинчара дош делла протестхошна, хьал талла а теллина, шаьш юха а дийр ду цаьрца къамел, аьлла.

Кху беттан 8-чу дийнахь наха шайггара, Iедалера пурба а доцуш йолийна митинг 15-гIа де тIекхаччалц дIаяхьа магийра ГIалгIайчоьнан Iедало. Оццу дийнахь Пятигорске Къилбаседа Кавказан федералан гонан куьйгалхочуьнца Матовников Александрца а, президентан администрацин чоьхьарчу политикан урхаллан буьйранчица Ярин Андрейца а дийцарш дан бахара гуламан лидерш. Уьш боцуш, Нохчийчоьнан парламентан спикер Даудов Мохьмад а вара къамеле кхайкхина (шина республико бертахь, вежараллин буха тIехь къастийра вовшашна юкъара доза, дийцира цо).

Пятигорскерчу хьаькамашна хьалха историн анализ ян а, документаш, карташ гайта а лерина бара гуламан цIарах баьхкинарш, амма хьашт ца хилира уьш – жигархоша мехкан куьйгалхошна бечу леткъамашка дикка ладуьйгIира федералан гонан урхалчаша, амма ца лиира царна делегацино деъначу документашка хьежа, элира, Евкуров Юнус-Бек даржах вохаве бахар ца догIу Кремлан ойланашца.

Матовниковн администрацица шолгIа цхьаьнакхетар хила деза, бинчу бертаца а догIуш, кхана, шинарийдийнахь. Къамел мелла а гергадан тарло цхьа логика йолчу чаккхенна.

Гуламо доьхург уггаре хьалха хьакхало мехкан парламентах. Нохчийчоьнца доза къастош Евкуровссий, Кадыровссий бина барт стенна тIечIагIбина депутаташа, оцу хьокъехь цара юхатаса беза кхаьжнаш, боху гуламхоша.

Протесто бохьучу тIеIаткъамна кIел лаьтта парламент кхузза гIоьртина протестхоша хIоттийначу хаттарна жоп луш гулъяла, амма аьтто ца баьлла кворум вовшахтоха. Тахана а дац кхеташ, маса депутат хилла шина махко доза къастош бинчу сацамна реза, ткъа маса хилла дуьхьал.

ДIадахначу кхаарийн дийнахь гIоьртира спикер парламент гулъян, депутаташка дозанах долчу документах лаьцна юха а кхаьжнаш тасийта. Амма пхи парламентарий, гIуллакх юхалистийта ца лууш, хьала а гIаьттина, дIавахара кхеташонера. Царех кхаамма элира, шаьш резадац шина мехкан куьйгалхоша бина барт парламенте юхабаккхийта, шаьш къобалбо Евкуровн некъ.

Массех депутат ву гуламхошца бертахь, цуьнан жигархошца зIе латтош а. Амма парламентан дукхахболчу декъашхоша битина шайн болх, шаьш я цомгуш ду, я шайна ца лаьа жоьпалла тIеэца, аьлла.

Парламент "хIаъ" я "хIан-хIа" аьлла йолуш яцаро алссам дарбо протестхой. Де-буьйсу доцуш лаьтта нах мехкан телерадиокомпанина хьалха шаьш хIоттийначу гуламехь. Бакъду, ур-атталла оцу хьукматера журналисташ а бац гулам телеэкранашкахула махканна гойтуш хила сиха.

Гуламо къадбо нах. Дийнахь цигахь лаьтташ массех эзар хилахь а, буса латта ца буьсу бIеннаш бен. Делахь а, дац олийла, терахьо гойту массо а гIалгIашна хетарг – хала ду ала, мел нах бу протестхошкахьа, я царна дуьхьал.

ТIаьххьарчу пIераскана кхайкхам баржийра Кавказехула, джума-ламазашна Магасе вола ша гIалгIашца верг, аьлла. 30-50 эзар стаг вара маьждигашкахь, шайлахь дуккха а гонахарчу мехкашкара хьеший а болуш.

Протестан хьалханчаша шаьш кийча ду боху муьлхха а таIзар лан. Шайна дуьхьал бехктакхаман гIуллакхаш айдан а мега Iедало, амма шаьш кхерадала дагахь дац, айинчу проблемин цхьа йист яллалц лаьттар ду, боху. Шинарийдийнахь кхачош ю гуламна латта елла бакъо.

Махкарчу массех вахархочо къошташкарчу кхелашка аьрзнаш хьийсийна  Нохчийчоьнанний, ГIалгIайчоьнанний доза къастош мехкийн куьйгалхоша бина барт низамца богIуш бац аьлла къастор доьхуш.

Евкуров Юнус-Бека ша гулам ницкъаша бохор бац, амма ца лору шаьш Кадыровца доза къастош бина барт я харц а, я юхабаккха торуш а, аьлла.

"Эхо Москвы" радиона кху муьрехь интервью еллачу цо хаийтина, Путин Владимирца шен къамел хиллийла а, президенто шега гулам ницкъаша ма бохабе аьллийла а.

"Нах гуламехь латтаро хIумма хуьйцур дац, хийца йиш а яц, низамаш хIинцале а ду болх беш", жоп делла Путине Евкуровс.

Прессо хаам барехь, бехктакхаман гIуллакх айдина Iедало Магасехь гулам латточу массех жигархочунна дуьхьал.





Губернаторы России
Москва

Собянин рассказал, как переразметка позволяет улучшить движение на дорогах Москвы





Москва

Объект культурного наследия «Фабрика-кухня» горит на севере Москвы


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Собянин: выборы в Мосгордуму будут серьезным экзаменом



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Концерт

Концерт к юбилею Пушкина проведут в Культурном центре «Интеграция» на Саянской




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Площадь пожара в здании у метро «Динамо» в Москве составляет 400 квадратов

Росгвардейцы обеспечили безопасность болельщиков во время матча чемпионата России по регби

Массовыми патриотическими акциями отметили День России на заводах АО "Желдорреммаш"


Ролан Гаррос

Испанец Алькарас выиграл Открытый чемпионат Франции по теннису



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Архангельск

Архангелогородцев и гостей города приглашают посетить мероприятия фестиваля «Гармоничная Россия»



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России