1700 гектар латта лелхачу хIуманех цIандина Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а
![1700 гектар латта лелхачу хIуманех цIандина Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а](https://gdb.rferl.org/9A867BF0-34D6-49A6-AAC6-5737EBB14E41_w800_h450.jpg)
Оьрсийчоьнан Къилба тIеман гонерчу минанаш дIайохучу инженерин тобанаша Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а лелхачу хIуманех цIанйина кхушара 1,7 эзар гектар территори, хаам бо ТАСС агенталло.
Коьртачу декъана уьш ю лаьмнашца а, хьаннашца а йолу меттигаш. Болчу хаамца, сапераша, кара а ийна, кхераме йолчура дIаяьккхина 5 эзар 500 сов сов эккхаза йисина мина а, фугас а. Карарчу хенахь и болх беш юкъаозийна ю саперийн 40 машен.
Лелхачу хIуманех шина республикан территори цIанъяр дIадерзор ду кхушара Лахьанан-баттахь. Ерриг а сапераша талла езаш ю 5 500 гектар территори.