Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Октябрь
2018

Оьрсийчоь ца йоьхчхьана…

0
Оьрсийчоь ца йоьхчхьана…

Пачхьалкх кризисехь юйла гойту кавказхошна юкъабуьйлучу цакхетамаша

Нохчийчоьнний, ГIалгIайчоьнний цIеххьашха юкъадоьллачу дар-дацарша Оьрсийчоь йоха хьагIна юйла гойту, аьлла хета цхьаболчу экспертпшна.

Эзарнашкахь адам Магасан майданашка даьккхира шина республико лаьттан коржамаш вовшашка дIасаяларо. Дагахь а доцуш иккхина протест шен пачхьалкхехь йоцуш санна, тийнна дIалатта йисира Москох.

"Уьш регионаша луьсту гIуллакхаш ду, хIунда аьлча, юьйцург ГIалгIайчоьнан векалша лаьцна позици ю, цундела хьал луьстург а ГIалгIайчоьнан Iедал ду",  дIахьедира президентан пресс-гIоьнчас Песков Дмитрийс.

"Арадаьккхинарг чекхдаллалц" аьлла хIоттийна митинг зен доцуш йирзина. Амма дац иза къаьмнашна юкъара проблемаш дIаевлла бохург.

Хьалхо йохийра Кавказера тийналла гIебартошний, балкхарошний юкъадоьллачу девно. Адыгаш говрашкахь Канжалан тIом дагалеца арабовлар цатайра балкхарошна. Цхьана агIор уьш а, полици а, вукху агIор гIебартой а болуш, иккхира конфликт.

Дац хьелаш

ХIоьттинчу суьрто дагадоуьйту Советан Iедал доххале иккхина хьал – къаьмнашна юкъадоьлла девнаш листа де доцу пачхьалкх – Карабахера, Гуьржийчуьра тIемаш.

Гойтий таханлерчу хиламаша Оьрсийчоь йоха хьагIна хилар? Дуккха бу хIетахьлерчу Советан пачхьалкхний, хIинцалерчу Оьрсийчоьнний юкъахь вовшашца тера богIу битамаш. Амма цхьатерра ца хила а тарло церан тIаьхьало.

Магасера болам, иза хьаша Москох ца хIоьттинехь а, цо шен куьйга кIелхьара балийтина бац. Республике а даьхкина, петаршкахула къайладевлла лаьттара центрера кхаьчна полицин дакъош. Хьашт хилахь юкъебевр болуш, сема Iара кхиболу ницкъаш.

ГIебарта-Балкхаройчуьра конфликт (оццу гIалгIайн полицица)  гуттар атта тейойла хилира. Ткъа ГIалгIайчохь магийтира нахана дегнашкахь IаьIнарг арахеца, амма шина мехкан дозанца куьйгалхоша хьаькхна сиз дитира цара ма-хьаккхара.

Советан пачхьалкхерчу хьолаца дуьстича, дац Оьрсийчонан элиташлахь дар-дацар – уьш массо а бертахь лаьтта лелаш йолчу политикан системина кIел. Горбачевна духьалваьлла хьовза стаг волуш вара Советан пачхьалкхехь – Ельцин, ткъа Путинна духьалвала вац цкъачунна цхьа а. Лидерийн кризис ю ала а дац иза, хьаькамашна герга ю Оьрсийчохь "болхбеш" лела идея.

Советан пачхьалкхера хьал дара шеца шен башхалла йолуш. Социализман чарх харжамийн демократица хийца еза, аьлла арабевлла лелара интеллигентийн го. Ткъа Оьрсийчуьрчу оппозицино тахана Iедале кхийдош йолу претензеш ца йовлу коррупцица къовсам латторрий, адамийн бакъонаш шоръяррий дехарал сов.

Оьрсийчоь, Советан пачхьалкхца юьстича, яц цкъачунна экономикан коллапсе йоьжна а. РогIера президент хир ву  - ур-атталла иза хийцалучу даьлча а – Путинах тераниг.

"Iедалан партина" ("Цхьааалин Оьрсийчоь") халкъо ен дуьхьало кхуьуш юйла гайтира бутт хьалха регионашкахь хиллачу харжамаша.  Делахь а, бац тахана протестехь Оьрсийчохь бIеннаш эзарнашкахь болу хьаькамаш. Пачхьалкх тIех йоккха хиларо хьал урхаллин кризисе кхачош нислахь а, ницкъ бу Кремлан шегара архаш ондда карахь латто.

Латта а, ахча а!

Вуно лазаме ду Кавказехь халкъашна тоъал доцчу лаьттаца доьзна лелха девнаш. Цу тIе, республикийн карахь ю "тIевеъначунна" латта ца дала бакъо а. Цундела кийча ву кавказхо шен латта къовсуш вала а.

Атта ду Оьрсийчоьнна Кавказера протесташ, резадацарш лакъо – ницкъаций, ахчанций.

Советан пачхьалкхехь националех лаьттара ах гергга бахархой, ткъа Оьрсийчохь 80% бу оьрсий, кавказхой – 5% гергга.

Бакъду, идеологин бух къаьсттина луьра бара Советан пачхьалкхан, ишта олийла дац Оьрсийчоьнан идеологех. Оьрсех доцу къаьмнаш Iеха ца ло "Оьрсийчоь – оьрсашна", я и  санна маьIна долчу кхечу лозунгех. Амма ахчано ерриг а, я ерриг а санна проблемаш кхочушйо Кавказехь. Цундела Кремлна тIех хала а дац шен урхалла, дешица чIагIдеш, карахь кхаба, Оьрсийчоь йохарх Iалашъян.

Хьал, политикехь, экономикехь, къаьмнийн юкъаметтигашкахь, ца лаьтта цхьабосса, иза хийцалуш лела, тарло тахана Кавказехь лелхачу конфликташа Оьрсийчоьнан пачхьалкхаллин кхане кхоло а.





Губернаторы России
Москва

Собянин: 1 июня начнется фестиваль «Лето в Москве. Все на улицу!»





Москва

Улыбка сделала слушателя «Юмор FM» миллионером


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Сергей Собянин поздравил москвичей с Международным днем защиты детей



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Игорь Бутман

Трансляцию концертов оркестра Бутмана в Китае посмотрели более 50 млн человек




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Для пользы тела. «Мой спортивный район» начинает летние тренировки

Дептранс Москвы раскрыл детали инцидента на станции метро "Спортивная"

Муж Заворотнюк дал волю эмоциям на прощании с актрисой


Ролан Гаррос

Медведев пошутил о том, что часто проводит ночные матчи на турнирах «Большого шлема»



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Москва

«Очень не хватает Насти»: Татьяна Навка попрощалась с Заворотнюк



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России