ОьгIазваханчу стага герз диттина Соьлж-ГIаларчу банкехь
![ОьгIазваханчу стага герз диттина Соьлж-ГIаларчу банкехь](https://gdb.rferl.org/B53BCBD4-CA05-40DF-B3F0-C7AA8B9E50E6_w800_h450.jpg)
"Россельхозбанкан" филиалан Соьлж-ГIаларчу офисна тIелатар дина цу банкана декхарелахь волчу стага. Травматикан тапча йиттина цо офисан куьйгалхочунна.
И тIелатар хилла Эсамбаевн урамехь еарин дийнахь делкъалтIаьхьа, яздо Кавказ.Реалиино.
Болчу хаамца, кхааннах ши дендарг дегIах кхетта банкан белхахо дIакхачийна хилла дарбанан хIусаме. Полисхоша, герз схьа а доккхуш, лаьцна тIелатардинарг.
И стаг цу бесса оьгIазвахийтинарг хилла, юхалург ахча эцаран хьелаш иза дIадала хан тIекхаьчча, цо а, банкан векало а тайп-тайпана кхетош хилар.
ТIаьххьара болчу хаамца, чевнаш яй хиларна дархо дарбанан хIусамера дIавахийтина лоьраша.