Шемахь хьал марсадаьлла, бу цигахь байинарш а, лазийнарш а
Шеман Къилберчу Алеппо гIалин кIошташкахь ситуаци чIагIъелла оршотдийнахь. Британехь куп тоьхначу адамийн бакъонашна тIехь мониторинг латточу Шеман центран хаамашца, пачхьалкхан эскарша а, царна дуьхьало латточу тобанаша а вовшийн тохарш дина. Бу царлахь байинарш а, лазийнарш а. Пачхьалкхан эскарша шайн куьйгакIел латточу Алеппорчу нах бехачу хIусамашна тIе етташ хиларх хааме даьккхира меттигерчу хаамийн гIирсаша а, оьрсийн буьйранчаша а. Цара чIагIдора, 70 стагна чевнаш йина, дукхахболчаьрца дIавш даларан симптомаш ю... Читать дальше...