ТIедогIу шо Галайн-ЧIожан кIоштан хир ду
Галайн- ЧIожан кIоштахь хилла вухавирзичнул тIаьхьа "ВКонтактерчу" шен пена тIехь йоза дитина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "ГIалгIайчоьнца дозанехь йолчу меттигехь кхеташо дIаяьхьира ас сайн хьомсарчу доттагIашца - парламентан спикерца Даудов Мохьмадца а, министрийн кабинетан куьйгалхочуьнца Хучиев Муслимца а, ницкъаллийн структурийн а, кIоштийн а куьйгалхошца а. Цхьанакхетаран коьрта жамI – карадогIу 2019 шо Галайн-ЧIожан кIоштан дIакхайкхор", - яздина Кадыровс.
Цо бахарехь, денйийр ю кIошт, коммуникацеш меттахIиттош, бизнес лело луучарна оьшу хьелаш дохкуш. 1944-чу шарахь къемат хIоьттинчу хенахь дуьйнна дай баьхначу кIошта юхаберза бакъо яцара нехан.
"Школаш, берийн бошмаш, кхийолу хьукматаш а схьайоьллур ю цигахь. Iаламат хаза мохк бу иза. Туристашна бIаьргтоха Iаламаташ ду цигахь. Туристийн комплекс йоьллур ю отелца, цIеношца, спортан хIусамашца а. Ишта коьрта сацам тIеэцна ас – 1944-чу шарахь къам махках доккхучу дийнахь тIехь ницкъбина, божал чу а лехкина, нах багийначу Хьайбахахь мемориалан комплекс схьаелла", - аьлла мехкан куьйгалхочо.