Нохчийчоьнан карта карладаьккхина
Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а куьйгалхоша Кадыров Рамзана а, Евкуров Юнус-Бека а дозанаш къастош куьйгашяздинчул тIаьхьа мехкан дола йирзина меттигаш билгалйохуш, карладаьккхина республикан карта, парламентан официалан сайт тIехь Iорадаьккхина. Сунжа кIошт гучуяьлла карти тIехь.
Дозанаш къастош барт хилира шина республикан куьйгалхойн Гезгамашин-беттан 26-чохь.