Герзан чевнаш йина ГIалгIайчуьрчу кхаа вахархочунна
![Герзан чевнаш йина ГIалгIайчуьрчу кхаа вахархочунна](https://gdb.rferl.org/EE527B63-2429-4078-BA9D-3B20815D8017_cx0_cy5_cw0_w800_h450.jpg)
ГIалгIайчоьнан кхаа вахархочунна чевнаш йина Магасерчу гIишлошъяран офисехь еарийдийнахь герзаш диттина. Царех шиъ дарбан цIийнехь ву, хаамбина пIераскандийнахь республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло.
Урхаллан информацица, Экажевера шиъ, Сурхахи олучу эвлара цхьаъ а Несарарчу республикан дарбан цIийне кхачийна хилла герзийн чевнашца. Лоьраша гIо кхачийначул тIаьхьа, полици схьакхачале къайлабевлла хилла уьш. Суьйранна кхааннех шиъ юха а дарбан хIусаме валийна, охьавиллина хиллера яздо регионерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло.
"Магасерчу гIишлошъяран фирме чу а лилхина, бевзаш боцчу наха герзаш диттина хилар къаьстина", - аьлла бу урхаллан сайте баьккхина хаам. Инцидентна бехкенаш лоьхуш бу полицино.