Полисхоша ши жима стаг вийна Нохчийчохь
"ТIеман тобанан декъашхо хила мега, аьлла шеко йолу" ши стаг вийна Нохчийчуьрчу полицин белхахоша ТIехьа-Мартанан кIоштахь. Цунах лаьцна, республикерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан урхаллана тIе а тевжаш, хаам бина "Регнум" агенталло.
Болчу хаамца, и шиъ ву 17, 24 шераш долу жима стаг. Мартан-чу эвлахь го бина хилла цу шинна нехан машен схьаяккха и шиъ гIоьрттинчехь.
Iедалан векалша чIагIдарехь, полисхойн машенна герз тоьхначул тIаьхьа цу шинах цхьаъ вийна, важа кхелхина дарбанан хIусаме вуьгуш. Дийцарехь, полисхошна юкъахь вийна а, лазийна стаг вац.