Нохчийчохь талламаш бина косметологин салонашкахь
Цхьа могIа косметологин хьашташ кхочушден хIусамаш теллина Нохчийчохь республикан прокуроре могушаллин министро динчу дехарца. Талламаш дIахьочу тобанца хилла Роспотребнадзоран говзанчаш а. Салонаш зуьйш билгалдаьлла, санитаран-эпидемиологин низамаш кхочуш ца деш, цхьа могIа клиникашкахь бакъонаш талхийна меттигаш.
Аминистративан жоьпе озийначу 22 хьокъехь материалаш кхеле дIакхачор ю Роспотребнадзоро гергарчу хенахь.
Яхначу бIаьста низамашкахь болх беш йоцу косметологин, пластикан хирургин клиникаш дIакъовлуш, даккхий гIуданаш диттира Нохчийчохь.