Хашогги верца доьзна Францино 18 саIудхочунна дихкина шайн пачхьалкхе ван
Журналист Хашогги Джамал верца доьзна, СаIуда Iаьрбийчуьрчу 18 вахархочунна дуьхьал санкцеш яьхна Францино. Шайн пачхьалкхе бахка дихкина царна. Цу кепара дIахьедар дина Францин арахьарчу гIуллакхийн министралло.
Хьалхо Германин Iедалша а дIакхайкхийра шайн пачхьалкхе шаьш буьтур бац и нах аьлла. Хашогги вийначул тIаьхьа Германино СаIуда Iаьрбийчоьнна герз дохкар а сацийна.
Журналист Хашогги Джамал вийра байначу беттан юьххьехь Истанбулерчу саIудхойн консулаллехь. ТIаьххьарчу хенахь Эр-Риядан политикана критика еш артиклаш зорбане йохура цо.
Туркойн, Iамеркахойн къайлахчу сервисашна хетарехь, СаIуда Iаьрбийчоьнан куьйгалла а, эла бин Салман а бехке волчух тера ду Хашогги верна.
Журналистан дакъа хIинца а схьакаронза ду. СаIуда Iаьрбийчоьнан Iедалша шаьш 21 стаг лаьцна шеконашца аьлла, дIакхайкхийра. Шайн бехкхилар тIе ца дитира цара. 11-ннан гIуллакх кхеле дIаделла листа. Паччахьаллин прокуроро царех 5 вен кхайкхийна.