Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Ноябрь
2018

Кавказ яккха араволуш ву "пластикан хирург" Браудэ

0
Кавказ яккха араволуш ву

Кавказехь гIараваьлла цхьа башха "пластикан хирург": медицинан цхьа а доьшийла чекхъяьккхина а вац иза, амма хIетте а косметологин "инновацин техникаш" йовзуьйту семинараш вовшахтухуш, даккхий ахчанаш доху цо. Цхьа 1, 5 эзар стагна хIинцале а Iамийна цо, балдаш муха совсадо. Ткъа хIинца Къилбаседа Кавказехула чекхвала дагахь ву иза. 15 эзар сом мах бу цуьнан семинаре вуьтург.

Браудэ Емельян ю цу гурун цIе. Косметологаша дийцарехь, масех шо хьалха вийцаваьккхина иза социалан машанашкахь. ХIетахь Juvederm от Allergan санна йолу препараташ нахана дIасакхоьхьуш, курьер болх беш вара иза.

Стохка Iай дуьйнна мастер-классаш а луш, воккха говзанча хилла цунах косметологин сферехь. Бакъдерг аьлча, Емельянан методика ян а ю керла, дуьненчуьрчу пластикан хирургашлахь Iораяьлла а йоцуш.

Инстаграмерчу шен аккаунтехь Браудэс яздо, ша "дуьненчохь а цхьаъ ву тIедачу Iасалгца маха тухуш верг" бохуш, оцу методико "Iаламат дика жамIаш" гойту аьлла а хета цунна.

Dermaren цIе йолчу филлерца контуран пластика ян Iамаво цо шен семинарашкахь, амма цхьа проблема ю: Оьрсийчохь регистраци йина ю аьлла, тоьхна лоьмар яц оцу препаратна тIехь. Цул совнах, шен мастер-классашкахь Емельяна юьйцу Emelianox ботулотоксин, молханийн пачхьалкхан реестрехь а яц.

Росздравнадзоре Dermaren препарат таллар дехнера журналисто, хазаллин индустрин аналитико Москвичева Еленас. Цигара даийтинчу жоьпаца, Емельян – зуламхо ву: "..косметикан продукци ю аьлла, регистраци а йоцуш, зуламе а, контрафактан а препаратех пайдаэцарна дуьхьал Оьрсийчоьнан Бехктакхаман Кодексца 238 -гIа артикл ю".

Ша шех лаьцна Браудэ Емельяна кIеззиг дуьйцу, ца догIучу дагца, амма социалан машанашкахь цо лелош масех аккаунт ю.

"Кавказ.Реалии" порталан корреспондентан масех хаттарна жоп делира цо.

- Емельян, де дика дойла хьан! Тхан сайтан хеттаршна жоьпаш лур дацара ахь?

- Марша йогIийла! Дера лур ду-кх. Муьлхачу амплуахь хила дезаш ду вайн къамел ахь аьлчхьана, ахь боххучу тIегIанехь дийр ду-кх вай къамел.

- И муха хуьлу?

- Шоу ма ю хIара. Ткъа со МакГрегор Конор санна, ажиотаж оьшуш болх беш ву.

- Журналисташа а, профессионале косметологаша а чIагIдо, хьо корматалла караерзош, цхьанхьа а дешна вац бохуш. Бакъдуй иза?

- Оцу хаттарна ас жоп лур дац. Цхьанне а бала бац цуьнца.

- Семинарашкахь ахь пайдаоьцучу Dermaren а, Emelianox а препаратийн талламбар доьхуш, кехат дахьийтинера Москвичева Еленас Росздравнадзоре. Цунах лаьцна хIун эр дара ахь?

- Шмакозябрийн космосерчу векалалле а кехат дахьийта йиш ю-кх Москвичева Еленин. Соьга хаьттича, цуьнан кехаташ – хьекъал доцуш, бух болуш, боцуш ден дIахьедарш ду. Шантажхо ю иза, ахчанаш дохуш ю бохуш, массеран а бага а яхна. Сайн семинар йолош уггар хьалха ас даим а неIалт кхайкхадо лоьраша шаьш ахча а луш, препараташна реклама ечу тренершна а, компанина а. Оьзда ма дац иза! Сайн цхьанакхетаршкахь ас практикаца гойту, ткъа дикачу практико хазалла кхуллу стенцца а.

- Дагестанехь йоьдучу семинарехь балдаш совсош процедура ахь йинчул тIаьхьа, шен гIуллакх юхахьадаьллера бохуш, чIагIонаш йо цхьана жимчу зудчо. Ткъа ахь сийдоцуш бага туьйхира шега боху цо.

- И аьлла стаг ван а вац. И материал Хрусталеван дехарца кечйина яра. 1-чу каналан редактор ваьллера соьца зIене, тIетовжа агIо ца карорна цара эфире а ма ца яьккхира и материал.

И нах Iорабаха, и дуьйцург бакъ доций хаийта кхуьйкхуш ву со телевизионе. Суна ца лаьа цига ваха. Бакъдерг аьлча, сох харцдерг мел дийцина журналист юьхьIаьржа-м хIоттор вара ас тIаккха. Нагахь цара дуьйцучунна шу тIетахь, 1-чу каналан эфирехь церан могIарехь йоккхур ю ас шун цIе а.

- Кхерамаш туьйсуш санна хета суна ахь...

- ХIан-хIа, кхерамаш бац, амма цхьа сонта-м гур дара шу. Ас дукха интервьюш елла, уьш массо а цхьана эшшарехь хуьлу цундела. ХIинжа-ГIалахь хилла боху истори бух болуш яц, цомгашчу Хрусталеван коьрта чохь хIоьттина сурт ду и. Кеста иск кхачор ю ас РенТВ канална дуьхьал а.

- Инстаграмерчу блогехь ахь яздинера, хьайн белхан хIусамчу кIуьран шашка хецнера бохуш. И хьан дина хир ду аьлла хета хьуна? Хьанна, хIунда оьшура косметологна тIелата?

- Сан кабинет чу ца хецнера и, я кIуьран шашка а яцара иза. Цхьана хазаллин цIийне къевлинчу бараме хьошалгIа кхайкхинера со, цига Молотовн коктель чуластийнера.

- Полице хаам бирий аш?

- ХIан-хIа. Суна хаьара, иза мила ву. Цундела оцу стагна тIе а вахана, ас айса ерзийра конфликт. Краснодарера вахархо вара иза.

- Оьрсийчуьра хьо дIавахна аьлла, хаамбина ахь. Гуттаренна а вахна хьо, я цхьана ханна?

- Цхьана ханна. Йоллу Европехула пластикан, хирургин академешкахь мастер-классаш гайта дезаш ву со. Ишта-м кеста Кавказе воьдуш ву со. Соьлжа-ГIалахь а кхочур ву, Бакох а гIур ву. Дуьйла шу а сан цхьанакхетаршка, сан балхе хьажа, шайн бIаьргашца гур ду шуна тIаккха дерриг а.

Тамаше ду цхьа хIума. Браудэ Емельяна ца дуьйцу муьлхачу Европан шахьарехь  ша ву а, я стенгахь доьшуш ву а. Цхьана а косметикан фирман,  салонан, компанин коллархойн тептаршкахь билгалъяьккхина а яц цуьнан цIе.

Дагестанехь семинарашкахь дакъалоцучаьрга  ахча тIедаккха аьлла, цо довзийтинчу картан долахо "Зухра Ашиковна А." ю

"Кавказ.Реалии" портална цхьана а кепара комментареш цунах лаьцна ца елира Сбербанко. Косметологаша-лоьраша  чIагIдо, Браудэ Емельян цIе йолуш стаг ван а вац, косметологин тIегIане валархьама цо ша кхоьллина псевдоним ю иза бохуш.

Тхоьца хиллачу къамелехь, Dermaren и Emelianox препараташ ша лелош вац Браудэс аьллехь а, Инстаграмерчу шен аккаунтехь гойтуш ю цо уьш, мехаш а довзуьйтуш.





Губернаторы России
Москва

Мэр Москвы и глава Башкортостана подписали соглашение в рамках ПМЭФ





Москва

Яндекс, А.С. Пушкин, Святой Ленин ведут следствие. Настоящая сенсация! 225 лет А.С. Пушкину.


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Собянин: Москва — мировой лидер по динамике развития транспортной инфраструктуры



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

БГАТОиБ

Приглашенные солистки выступят в опере «Руслан и Людмила»




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Псковичка стала призером соревнований по прыжкам в высоту в Москве

В Швейцарии завершился чемпионат Европы по спортивной и фитнес-аэробике

«Столото» подписал соглашение в развитие стратегической поддержки комплекса ГТО и многоборья ГТО


Ролан Гаррос

Семнадцатилетняя Андреева впервые сыграет в полуфинале турнира Большого шлема



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Москва

Радио Romantika приглашает на органные концерты в соборах Москвы



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России