CаIудахойн элаца Путинан доттагIаллийн уьйраш ю аьлла Песковс
Аргентинехь G20 саммитехь йоьдучу заманчохь СаIуда Iаьрбийчоьнан элас Салман бен Мухьаммда а, Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира а доттагIаллица вовшашка маршалла хаттар, цу шинна юкъахь дика юкъаметтигаш хиларца доьзна ду аьлла, журналисташка дIахьедина президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс.
Карладоккху, кхеташо йолаялале хьалха политикаша вовшашка куьйгаш лучу заманчохь шина доттагIчо санна маршалла хаьттинера элас а, Путина а. Ишта шина политикан дийцарш дикачу жамIашца дирзина, ОПЕК+ бертах куьйгашяздеш.
Ишта-м кхиболчу лидершца а хилла Путинан цу кепара маршалла хаттар аьлла Кремлан векало, амма церан цIераш ца яьхна.
Ишта Песковс бахарехь, Оьрсийчоь кийча ю СаIуда-Iаьрбийчоьнна гIо дан журналист Хашогги Джамал вер толлуш. Эр-Риядан политика емалъен журналист Хашогги верна гонах йоху эла Салманан цIе.
Истанбулерчу СаIуда-Iаьрбийчоьнан векалалле чувахначуьра кхи ара ца ваьллера журналист. Цул тIаьхьа дийца даьккхира, иза вийна хиларх. Вашингтон Пост газетан хаамашца, Хашогги вер тIедожийна хила тарло элас Салмана.