Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Декабрь
2018

Новости за 05.12.2018

Порошенкоца къамелдан ша реза хIунда вац хаийтина Путина

Radiomarsho.com 

Iаьржачу хIорд тIехь лаьтта конфликт ерзон Iалашонца Украинан президентца Порошенко Петрца телефонехула дийцарш дIадахьа ша дуьхьал хиларх кхетийна Оьрсийчоьнан президенто Путин Владмимира. "Цуьнан харжамийн кампанехь дакъалаца ца лаьа суна", - дIахьедина Путина, яздо "Новости" агенталло. Порошенкос хьалхо дIахаийтира, Керчан гечонехь инцидент иккхинчул тIаьхьа Путинца телефонехула къамелдан гIоьртира ша, амма цо жоп ца ло аьлла. Оьрсийчоьнан президента чIагIдарца, украинхойн цуьнан коллегас кризисе хьелаш хIиттадо... Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь "сий лардеш" йийначу 39 зудчух дийцина бакъонашларъярхоша

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а, Дагестанехь а беха зударий "сий лардеш" байар теллина бакъонашларъярхоша. "Правовая инициатива" боламан векалша динчу зерашца, 2013-чу шарера 2017-чу шаре кхаччалц билгалъяьхначу республикашкахь гергарчара шайн куьйгашца йийна 39 зуда. Статистико гайтарца, доккхачу декъанна бойурш бу къона зудабераш, я марера цIабаьхкина зударий (юкъа-кара 20-30 шерашкара меразударий). Уггар дукха зударий байарца билгалъяьккхина талламчаша Дагестан, яздо "Комсомольская правда" газетано. Читать дальше...

Донбассехь харжамаш хIиттийначарна дуьхьал санкцеш йохур ю аьлла Евробертан векалша

Radiomarsho.com 

Донбассера йозуш йоцуш ю аьлла дIакхайкхийначу  "ДНР-н" а, "ЛНР-н" а республикийн территореш тIехь харжамаш дIабахьарна жоьпаллехь волчу исс стагна дуьхьал санкцеш яха бартбина Европерчу пачхьалкхаша. Маршо Радион корреспонденто Йозвяк Рикарда бина и хаам. Информаци ишта тIечIагIйина Оьрсийчоьнан цхьаболчу хаамийн гIирсаша а, РБК агенталло а цхьана. Донбассерчу "республикийн" куьйгалхой къастош харжамаш дIабаьхьира байначу беттан 11-чохь. Цу дийннехь хилира парламентан харжамаш а. Дуьненаюкъарчу пачхьалкхаша а... Читать дальше...



Байначу гIалгIайн гергарчара пикеташ йолийна Мисаран векалтехь

Radiomarsho.com 

Мисарахь вайначу пхеа ГIалгIайчуьрчу студентийн гергарчара кхааридийнахь Москохарчу пачхьалкхан векалте дехар дина, шайн нах схьалохуш гIо доьхуш. Ишта дIахIиттина пикет а дIаяьхьна цара гIишлонна хьалха, шайн кIентий схьабоьхуш. Маршо Радионо яздира, Мисарахь вайначу ГIалгIайчуьрчу пхеа студентах хаам бац, я уьш болу меттиг юьйцуш а яц аьлла, "Кавказан узел" агенталлана тIе а тевжаш. Вайначех цхьахволчун, Плиев Рамзанан йишас кхачийнера агенталле и информаци.  Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло довзийтира... Читать дальше...

Хашогги верна бехке лору ши саIудхо лаца бакъо ехна Туркойчоьно

Radiomarsho.com 

Истанбулерчу векалт чохь оппозицин журналист Хашогги Джамал веран хьокъехь СаIуда Iаьрбийчоьнан ши вахархо лаца бакъо ехна Туркойчоьнан прокуратурано. Шеконашка эцнарг ву СаIуда Iаьрбийчоьнан талламхойн урхаллан куьйгалхочун гIовс лаьттина Асири Ахьмад а, элан хилла хьехамча Ал-Кахтани СаIуд а. Хашогги вийначул тIаьхьа балхара ца вохийна и шиъ. The Washington Post газетан белхахо Хашогги Джамал вийра ГIадужу -беттан юьххьехь саIудахойн консулаллехь Истанбулехь. ТIаьххьарчу заманчохь Эр-Риядан политика емалъеш, артиклаш арахоьцура цо. Читать дальше...

Зуламан декъахь а воцуш, лечкъа а дезаш?

Radiomarsho.com 

Михальченко Лидия Богатырев Iисас, гIалгIайн Iали-Юьртан вахархочо, аьрзнаш до, ша а, шен доьзал а бехк-гуьнахь а доцуш хьийзабо ницкъхоша, ша аьлча, ГIалгIайчуьрчу ФСБ-н урхаллло, бохуш. 2011-чу шеран Iай Москох, Домодедово аэропортехь, ша а леш, эккхийтар динчу Евлоев Мохьмадна гIодарна бехкево талламо Iисан 30 шо кхаьчна воI Микаил. Микаила ша вац боху зуламан декъахь. Кхин массех стаг а санна, "Кавказ Имаратан" декъашхо а лоруш, лаца кхайкхийна ву иза. Оьрсийчоьнан Бехктакхаман кодексан маттахь аьлча... Читать дальше...

Кадыровн резиденци цIанъян 51 миллион сом дойур ду

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан бюджетера 51 миллион сом хьажор ду Соьлжа-ГIалара мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан доларчу хIусаман территереш дIацIанъян. Iедалан цIарах оьшург эца мах кхайкхочу сайт тIехь байначу беттан 27-чу дийнахь Iорабаьккхина и хаам. Тергоне эцна и информаци "Открытые медиа" интернет-хьостано. И ахча хьажо лерина бу Соьлжа-ГIаларчу шина урамера гIишлош битаме ялон. Кадыров Рамзанан резиденци олу оцу меттигах. Кху беттан 17-чохь дIахьур йолуш ю ша аукцион. Конкурсехь тоьллачеран дезар ду оцу хIусамашчуьра кузаш цIандан а... Читать дальше...

Даржехь лакхаваьккхина пластикан хирург Баиев Хьасан

Radiomarsho.com 

Баиев Хьасан Нохчийчуьрчу могушаллин министраллан цIарах берийн мочхалан а, юьхьсибатан а коьртачу хирурган дарже ваьккхина. Могушаллин министраллан пресс-гIуллакххоша бо и хаам. ДегIаца а, коьртачу декъана, юьхь тIехь сакхташ долчу берашна операцеш йо цо Iамеркера цIа а вирзина. Хирурго ша доккху ахча дерриг а санна хьажадо балхахь сагIадеш - мискачу бахархошна, къаьсттина, берашна дарба леладо цо маьхза. Оьрсийчоьнан гIаланашкахула чекхволу иза чолакх кхуьучу берийн межеш дIатоеш. Тахана Нохчийчохь меттигерчу а... Читать дальше...

Чири-Юьртахь схьайиллина гIишлошъяран индустри

Radiomarsho.com 

2013-чу шарахь Шела кIоштарчу Чири-Юьртахь ян йолийна гIишлошъяран гIирс бен индустри болх бан йолаелла. Меттигера бахархой сингаттамехь бу, экологин хьал талхарна кхоьруш и схьаелларца. "Дахначу оршотдийнахь схьайиллина Чири-Юьртахь гIишлошъяран гIирс кхуллучу еа заводах цхьаъ", - аьлла "Кавказан узел" агенталле дийцина гIишлойн, коммуналан а министраллерчу хьостано. 100 стагна белхан меттиг кхаьчна, ткъа важа кхо индустри а схьаеллахь кхин а 300 меттиг бер бу аьлла, дIахьедина агенталле министраллехь. Читать дальше...

Украинан хIордхой маьрша ца бахахь, кхерамаш туьйсу Iамерко Оьрсийчоьнна

Radiomarsho.com 

Керчан гечонехь хиллачу инцидентехь дIалецна Украинан хIордхой дIахеца беза Оьрсийчоьно. Ца хуьлчу далахь, "тIаьхье" йолуш хир ду и гIуллакх Москохна. Вашингтонан тергонера дера долу хаттар дац иза аьлла, дIахьедина Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаментан векало. Оьрсийчоьно "бала беза мах" Iамерко "хьалабоккхур бу" аьлла, тIетоьхна цо. Оьрсийчоьнера лаьтта тIеман кхерам уггар боккхачух бу 2014-чу шарера схьа лерича аьлла де хьалха Украинан инарла штабан куьйгалхочо Муженко Виктора. Читать дальше...

Наркотикаш яьхна Нохчийчохь зудчуьнгара

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIаларчу Грозненск кIоштан прокуроро тIечIагIдина меттигерчу яхархочунна дуьхьал айдина бехкзуламан гIуллакх Цунна бехкедуьллу баккхийчу барамашкахь наркотикаш латтор. Кху шеран аьхка Шела кIоштахь кIомалан гIаш а даьхна, уьш дакъош, кепа тоьхна хилла цо. Оперативан барамаш дIахьочу заманчохь полисхоша и зуда дIа а лоцуш, цуьнгара кIомал яьккхина. Кхело гIуллакх листинчул тIаьхьа набахтехь даккха 3 шо а, ах шо а хан тоьхна зудчунна.

ГIалгIайчохь а, Нохчийчохь а федералан эскарша хIаллакбинчу нахах компенсаци тIейожийна Европан кхело

Radiomarsho.com 

15 шо хьалха ГIалгIайчохь а, Нохчийчохь дIахьочу леринчу операцешкахь вайначу 17 вахархочун гергарчарна 1, 2 миллион евро компенсаци ялар тIедожийна Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ЕСПЧ). 2002-чу шарера 2004-чу шаре кхаччалц схьа оьрсийн эскарша дIалецначул тIаьхьа лар йоцуш байна лоруш бу и нах, документаша чIагIдарехь. Федералан Iедалша къизаллаш лелийна, адамийн дахаран бакъонаш хьешна оцу нехан, уьш дIалецарх гIуллакх нийсонца теллина а дац аьлла, сацамбина Европан кхело. ГIадужу баттахь Маршо Радионо яздира... Читать дальше...



Москва

Шапки женские на Wildberries — скидки от 398 руб. (на новые оттенки)


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Сергей Собянин: Москва увеличивает объемы специализированной медицинской помощи



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Певец

Певец Shaman посетил Рязань и рассказал, что не носит трусы




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

"Спартак" обыграл "Рубин" со счетом 3:1

"Спартак" обыграл "Рубин" в последнем матче Джикии

В столице Туркменистана - Ашхабаде открыли памятник легендарному армянскому поэту и композитору Саят-Нове


Вера Звонарёва

Звонарёва проиграла американке Крюгер в квалификации турнира в Страсбурге



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Елена Рыбакина

Рыбакина узнала свое место в новом мировом рейтинге



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России