Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Декабрь
2018

Новости за 10.12.2018

Карийна хIинццалц девзаш доцуш хилла Захаровн сурт

Radiomarsho.com 

Оьрсийчуьрчу Дмитров гIалан музейхь литографи карийна хилла суртдиллархочуьнан Захаров Петаран куьг тIехь долу, хаам бо Кавказ.Реалиино. Цу тIехь йиллинарг ю Столыпина Екатерина цIе йолу жима зуда. И литографи тера хилла "Вевзаш воцчу суртдиллархочо диллина портрет" цIе лелочу басаршца диллинчу суртах. Цу суртан оригинал латтош ю Бурятерчу Ц.С. Сампиловн цIарахчу музейхь. Цу кепара гучудаьлла цу суртан автор 19-чу бIешеран хьалхарчу декъехь ваьхна Захаров Петр хилар.  Литографи карийнарг ю Москох... Читать дальше...

Ши стаг вийна Нохчийчохь некъахьовзамехь

Radiomarsho.com 

Некъахьовзам хилла Нохчийчуьрчу Теркйистехь. Ломаз-Юьртара Кен-Юрта боьдучу новкъахь вовшахкхетта 3 машен. И бахьана долуш шина машенна хьалха хиъна хилла 38 а, 19 а шераш долу ши стаг оццу меттехь велла. Еза чевнаш хилла цхьа некъахо охьавиллина Терйист кIоштарчу дарбанан хIусаме. КхолагIчу машенна урхалла деш хилла стаг ца лазош кIелхьарваьлла хиллачу бохамах. Полицино толлуш ду хилларг.

Iедалан юьхьйоху гIалгIаша

Radiomarsho.com 

ГIалгIайн оппозицино "хIуй кхайкхийна" шайн оппоненташна Нохчийчоьнца доза къастош хIоттийначу берто юкъаметтигаш эгIийна ГIалгIайчоьнан куьйгалхойнний, цигарчу оппзозицинний. Нохчашна лаьттан асанаш юхалуш дакъалаьцначарна дуьхьал "халкъан кепаш" йоху оппозицино. Уггаре боккха Iаткъам лов оцу тIегIанахь ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека – иза "къомах дIахадийна" (ткъа кхушеран бIаьста мехкан муфтиято шен сацамца "бусулба динах ваьккхира" иза). "Я къам а, я дина а доцург" ву хIинца мехкан администратор. Читать дальше...

ДIадирзина Нохчийчуьра кегийрхой эскаре бигар

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьра 400 жима стаг хьажийна Оьрсийчоьнан эскаран Къилба тIеман гонерчу дакъошка. Кхин а 100 кегийрхочо гIуллакх дийр ду Нохчийчоьнан территорина тIехь. Цунах лаьцна хаам бина республикерчу военкоматехь, яздо "Кавказский узело". Болчу хаамца, нохчийн кегийрхоша тIеман говзалла караерзор ю ГIирмехь а, Севастополехь а, Ставрополан махкахь а, Ростох кIоштахь а, Краснодаран махкахь а, Къилбаседа ХIирийчохь а долчу тIеман дакъошкахь. Нохчийчохь витина 100 жима стаг юкъатоьхна Соьлж-ГIалахь а... Читать дальше...

Кхаьънаш эцар алсамдаьлла Оьрсийчохь

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь 2018-чу шарахь 10,5 % алсамдаьлла кхаьънаш эцар, 2017-чу шарахь хиллачуьнца дуьстича. Цунах лаьцна хаам бо РИА Новости агенталло, Инарлин прокуратурин статистикан декъана тIе а тевжаш. Кхаьънаш эцар даьржинчу хьалханчашна юкъахь ю Москох, Подмосковье, Краснодаран мохк. Кхушеран 10 баттахь гучуяьлла 3171 кхаъ эцна меттиг. Стохка оццу хеначохь и терахь дара 2899.

Пенсин барам уггаре лахара бу Къилбаседа Кавказехь

Radiomarsho.com 

Уггаре лакхара а, лахара а пенси долу регионаш билгалъяьхна Оьрсийчоьнан Пенсийн фондо, хаам бо "Российская газето". Пенсин барам лахара хиларца хьалхара кхо меттиг дIалоцуш ю ГIебартой-Балкхаройчоь а (11 413 сом), Дагестан а (11 653 сом), ГIалмакхойнчоь (12 137 сом). Нохчийчохь пенсин юккъера барам бу 13657 сом. Уггаре доккха пенси оьцуш бу Чукоткин бахархой - 25 173 сом. Хьалхарчу 5 регионна юкъахь ю Ненцойн автономи а (22 050 сом), Магаданан кIош а (21 508 сом), Камчатка а (21 342 сом), ткъа... Читать дальше...

Экономика кхуьуш хиларна дог айа 606 миллион сом делла Нохчийчоьнна

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан премьер-министро Медведев Дмитрийс экономика кхиарехь лаккхара болар эцарна дог айа ахчанаш делла федерацин 40 регионна. Царна юкъахь ю Нохчийчоь а. И ахча декъаран бахьанаш кхетош кечбинчу хаамехь, дуьйцуш ду Оьрсийчуьрчу регионашна даькънарг 20 миллиард сом хиларх лаьцна. Дог айа деллачу ахчанах уггаре а доккха дакъа кхаьчна Белгородан кIоштана - 990 млн миллион. Камчаткина делла 930 миллион сом. КхоалгIачу меттехь ю Сахалин - 882 миллион сом. Нохчийчоьнна деллачу ахчанан барам бу 606 миллион сом. Читать дальше...




Губернаторы России
103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media


103news.com — международная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости




Спорт в России и мире



Новости Крыма на Sevpoisk.ru



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России