Уггар лахара алапаш оьцу Нохчийчохь
Оьрсийчоьнан мехкашкахь лакхара а, лахара а алапаш оьцучу регионийн рейтинг зорбане яьккхина "Рейтинг" агенталло. Церан зерашца, хIора Оьрсийчуьра пхоьалгIачу вахархочо 15 эзар сом алапа оьцу баттахь. 4, 5 процент гергга вахархочунна хIора баттахь 100 эзар сов алапа догIу.
Ямало-Ненецк а, Чукотка а ю белхан алапаш лакхара хиларца тептаран хьалхарчу могIарехь.
Къилбаседа Кавказан республикаш лахарчу тIегIанехь ю. Баттахь 100 эзар сом, уггар лахара 15 эзар сом алапа оьцу белхалой беха мехкаш ду гайтаме эцнарш.
Талламчийн зерашца, 61-чу меттигехь Къилба ХIирийчоь ю. Ставрополо дIалаьцна 63-гIа могIа. 67-чу меттигехь ГIалгIайчоь дIатаръелла, ткъа уггар лахара алапашца билгалъяьлла Кхарачойн-Чергазийчоь а (72 меттиг).
Иштта гIад дайна белхан алапаш оьцучу пхеа регионашлахь ю Нохчийчоь а (81-гIа меттиг), Дагестан (82-гIа меттиг), ГIебарат-Балкхаройчоь (84-гIа меттиг).