Нохчочо къевсина Deutsche Welle материалана репост ярна Германехь шена гIуда тохар
Юристана хетарехь, Абдурахмановс динарг хьокъехь кхело бина сацам кхераме масал ду. Цо дийцарехь, суьдхочо тидаме ца эцна цу стага интернетехь репост йинарг дешан маршонах лаьцначу низамо ларйеш йолу журналистан материал хилар.
Абдурахманов карарчу хенахь тховкIело йоьхуш ву Германерчу Iедалшка. Хьалхо уьш реза ца хиллера и стаг шайн махкахь тIелаца.
