Томскана гергахь охьахууш доьхна Ми-8 беркема
![Томскана гергахь охьахууш доьхна Ми-8 беркема](https://gdb.rferl.org/370663A9-F6EA-4DDF-8BD5-7130702A2A07_cx0_cy17_cw0_w800_h450.jpg)
Томск гIалана гергахь охьахууш доьхна Ми-8 беркема. Цунах лаьцна хаам бина РБК агенталло, Орцаллан министраллан меттигерчу урхаллана тIе а тевжаш.
Беркеманна тIехь хилла 25 стаг. Царах 22 вахтан белхахо ву. Болчу хаамца, беркема, охьа а кхетта, галдалар бахьана долуш яйн чевнаш хилла ву 3 стаг.
Инцидентан бахьана къастош бу говзанчаш. Цхьаболчу хаамашца, беркема охьахууш кагбелла цуьнан шассин ког.