Нохчийчохь яьллачу цIергахь зуда ягийна
![Нохчийчохь яьллачу цIергахь зуда ягийна](https://gdb.rferl.org/C17EE06A-6597-484F-94AF-703F081BEF60_w800_h450.jpg)
Шела кIоштарчу 5-зза тIекIелдинчу цIа чохь цIе а яьлла, зудчунна чевнаш йина аьлла, хаамбина махкарчу орцан министралло. Урхаллан информацица, шинарин суьйранна Чири-Юьртарчу лоьмар 10 йолчу цIийнан кхолгIачу гIат тIехь кхерстина хилла и цIе. Цхьана эхасохьтехь цIе ерриг а дIаяйа аьтто баьлла орцанхойн, ягийна цхьа зуда аьлла бу республикерчу орцан министраллан сайт тIехь бина хаам.
Дарбан цIийнехь Iуьллучу зудчуьнгара хьал хууш дац.