Къизаллаш лелорна чувоьллина Беков маьршаваккхарна латкъамбина адвокато
![Къизаллаш лелорна чувоьллина Беков маьршаваккхарна латкъамбина адвокато](https://gdb.rferl.org/CB895E2F-2ABB-41C6-BF54-61E4E0BCBE21_w800_h450.jpg)
ГIалгIайчуьрчу "Э" центран гIуллакхан хьокъехь хан тоьхна Беков Мохьмад Нальчикерчу кхело маьршаваккхарна резабоцчу гIело лайначийн адвокато Сабинин Андрейс юха латкъамбина. Могушалла ледара ю аьлла, аравалийтина Беков.
"Кавказский узел" агенталло хаамбарца, Лахьан-беттан тIаьххьарчу деношкахь набахтехь даккха кхо шо кхайкхийна ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан декъан куьйгалхо лаьттина Беков Мохьмад маьршаваьккхира, цуьнан могушаллица проблемаш ю аьлла.
ГIебарта-Балкхаройчоьнан Лакхарчу кхеле бинчу латкъамах дийцина гIалгIайн бакъонашларъяран "Машр" организацин куьйгалхочо Муцольгов Мохьмада а.
Бехктакхаман Кодексан низамаш шога дохийна хиларна тIе тидам а озош, Сабинина шен документ тIехь тIедожийна, Беков маьршавоккхуш бина сацам юхабаккхар.