Марафоно гIаттийнера ерриг Вена
![Марафоно гIаттийнера ерриг Вена](https://gdb.rferl.org/94406492-e9d5-40d6-a6cb-2636de7929bd_tv_w800_h450.jpg)
Vienna City Marathon 2019 – ишта цIе яра Австрехь хIора бIаьста дIахьочу 36-чу марафонан. Кху мукъаденошкахь Вене хьалхабовларх къовсабала баьхкинера 125 пачхьалкхера нах. Дакъалацархойн терахь дара 42000. Марафонхошка хьажа, уьш ир-кара хIитто аравелира миллион гергга вахархо. Бовдархошлахь вара Маршо Радиоца къамел дина венахо-нохчо а.