Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Апрель
2019

Новости за 10.04.2019

Iамеркан пачхьалкан департаменто шайн махкахошна кхераме лаьрра Оьрсийчоь

Radiomarsho.com 

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан Департаменто Оьрсийчоьнан Федераци юкъатоьхна Iамеркахой закъалтана леца кхераме йолчу пачхьалкхашна. Цу кепара цIейоза дуьххьара хIоттийна Iамеркан арахьарчу гIуллакхашкахула йолчу хьукмато. Ерриг цу цIейозанехь хьахийна ю 35 пачхьалкх, шайна юкъахь Украина а, Туркойчоь а, Шема а йолуш. Дуьйцург ду цу пачхьалкхашкахь Iамеркахойн дахарна а, могушаллана кхераме йолу зуламан тобанаш хилар. Стохка ГIуран-баттахь Iамеркан Пачхьалкхан Департаменто юкъатуьйхира... Читать дальше...

Волгоградехь хан кхайкхийна Нохчийчуьра веддачу салтичунна

Radiomarsho.com 

Стохка аьхка къайлаха эскарера веддера Нохчийчохь гIуллакх деш волу эскархо. Цуьнан цIе йоккхуш яц. И бахьана долуш жима стаг кхеле озийна Волгоградерчу гарнизонан тIеман кхело. Суд йоьдуш цу стага дийцина, ша жимма садаIа цIа ваханера аьлла. Ша лоьхуш ву хиъча, шен лаамехь тIевахана хиллера иза талламан комитетан тIеман декъе. Низам дохорна арахь даккха 2 шо кхайкхийна салтичунна, 1 шо 6 бутт, зеран хан а йолуш.

Оьрсийчохь лецна нах дIасабигаран хьелаш Iазапе лору Страсбургерчу кхело

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь лецна нах дIасабигаран хьелаш Iазапе хиларх лаьцна дIахьедар дина Европан адамийн бакъонашкахула кхело. Цу тайпа вердикт кхайкхийна Страсбургерчу кхело 6 стага бина латкъам теллинчул тIаьхьа. Оьрсийчоьнан Iедалшна тIедожийна кхелахоша цу нахана 20 эзар евро далар. Европан адамийн бакъонашкахула кхелана хетарехь, Оьрсийчохь лецна нах дIасабуьгуш лело автозакаш а, вагонзакаш а, ткъа иштта тутмакхаш дIасабигарца боьзна барамаш а ницкъ баран кеп йолуш бу. Кхелахоша жамI дина, цу барамаша Европан Конвенцин адамалла доцуш а... Читать дальше...



"Ламаз деш лаьттарш дIасалахка, аьлла цо цаьрга"

Radiomarsho.com 

Садовская Алёна ГIалгIайчохь 17 полисхо балхара дIаваьккхина митинг бахьана долуш. ХIун даьлла цаьргара? Журналиста Шевченко Максима шен YouTube блогехь довзуьйту ша ГIалгIайчуьрчу полисхочуьнца, лакхарчу лейтенантца, хадаран батальонехь взводан буьйранча лаьттинчу Хамчиев Тимурца дина къамел. Деношкахь, Магасера митинг дIасалаьллинчул тIаьхьа, балхах йохийна ерриг батальон. ДIаваьккхинчу 17-ннах виъ эпсар ву. Хамчиевс дийцарехь, бахначу беттан 26-27 денойн буса, 3 сахьт долуш, батальон гIаттийна, сихха гуламхой болчу дIахьажийна. Читать дальше...

Хьакхарчийн фермехь кхаа баттахь вацийна таджик

Radiomarsho.com 

Исмоилов Бегиджон Таджикистанера ахча даккха, аьлча а, балха вахана Оьрсийчу. Ша цо бахарехь, кхаьчна лолле: паспорт схьадаьккхина цуьнгара, мехаза вацийна кхаа баттахь, дийнахь буса 13 сахьтехь хьакхарчий лелайойтуш. ТIаьххьара ведда иза ша лаьцна кхобучуьра. ХIинца гIерта шена лур ду баьхна ахча охьадиллийта.

Басаевс Путине дахьийтинчу кехатна гонах

Radiomarsho.com 

Бесланера лоьмар 1 йолу школа дIалаьцначу тIемалоша дIасакхехьийтинчу кехатийн копеш "Правда Беслана" сайт тIера дIаяхар тIедожийна "Роскомнадзоро" юха а. Сайт кхоьллинчу Литвинович Маринас хаамбина кхунах лаьцна. Бехкзуламан гIуллакхан материалашкахь латтош а ду и кехаташ, кхелехь дIа а дешна, хIетте а Iедалхоша сацамбина, интернетехь уьш даржо мегаш дац аьлла.

Соьлж-ГIала – Тбилиси кеман рейс схьаелларх лаьцна дехар кхаьчна дац Гуьржийчоьне

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан зорбан гIирсаша хаам бинера, Стигалкъекъа-баттахь дуьйна Соьлж-ГIалана а, Тбилисина а юкъахь кема лелар ду аьлла. Цунах лаьцна дIахьедар динарг вара ГIаларчу аэропортан директор Гамбулатов Султан. Цо дийцарехь, гуьржийн агIонца цу хьокъехь барт хилла. Гуьржийчоьнан некъахойн авиацин агенталлан векалша бинчу хаамца, карарчу хенахь Соьлжа-ГIала – Тбилиси авиарейс дIайолор хьокъехь дехар кхаьчна дац цаьрга, хаам бо "Грузия онлайн" сайто.

ЦIен ЖIар - Къилбаседа Кавказ: декхар кхочушдина

Radiomarsho.com 

Михальченко Лидия Кхушара ца еана Дуьненаюкъара ЦIен ЖIар Кавказе. Биъ бутт бу цо цигара шен тIаьххьара офис дIакъевлина. Стенна нисделира ишта, муха бирзина регионехь 26 шарахь бина болх? Цунах лаьцна дуьйцу ЦIен ЖIаран Оьрсийчуьрчу декъан пресс-гIоьнчаллин белхахочо Бальзамова Галинас. - 1992-чу шарахь, хIирийн-гIалгIайн конфликтца доьзна болийра оха болх Къилбаседа Кавказехь. Бохам хиллачарна гIодора, байна нах лохура. Хенан йохалла офисаш ехкира цигарчу массо а мехкашкахь. 26 шера чохь гIодина ши миллион вахархочунна. Читать дальше...

Жижиган мах хьалабаьлла бохург теллина Нохчийчоьнан прокуратуро

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан прокуратуро таллам бина республикехь жижиган мах хьалабаьккхина, бохуш хабарш даржар бахьана долуш, хаам бо "Грозный-информ" сайто. Чеченстато Чиллан-беттан 1-чу дийнахь дуьйна Зазадоккху-беттан 5-чу дийне кхаччалц мониторинг йича гучудаьлларг ду бежинан а, уьстагIан а жижиган мах 0,9 процентана хьалабаьлла хилар. Цу кепара жижиг дукха дазделла бохуш дийцар бух боцуш лерина прокуратуро. Низамца а догIуш, цхьана сурсата мах 30 дийнахь 30 процентана бестахь юкъагIорта декхарелахь ду Iедал.

ЮхадIадолош ду Соьлж-ГIалара Шарджа кема лелар

Radiomarsho.com 

Кху бетан 19-чу дийнахь юхадIадолош ду Соьлж-ГIалара Шарджа кема лелар. Цунах лаьцна хаам бина Нохчийчуьрчу транспортан министралло. Air Arabia компанино ГIалара Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташка кеманан рейсаш яр долийнера  2018-чу шарахь Оханан баттахь. Амма и рейс юкъахъяьккхинера Iаьнан заманна. Бахаьана дара некъахой дукха кIезиг хилар. Цул хьалха нохчий Шарджа лелара Минводерчу аэропортера. Болчу хаамца,  Air Arabia компанино кема лоьлуьйтур ду Шарджна а, ГIалана а юкъахь кIиранах шозза шинарин а, пIераскан а деношкахь. Читать дальше...

Ши стаг лазийна ГIалгIайчоьнан муфтиятан хьалха

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчуьрчу вахархочо, ши стаг а лазош, травматикан тапча йиттина Несарарчу республикан муфтиятан хьалха. Цунах лаьцна хаам бина Интерфаксо. Чевнаш хилларш дIабигина дарбанан хIусаме, хаам бина полицин векло. Интерфаксан хьастано дийцарехь, дов даларан бахьана хилла шина тайпанерчу шина жимачу стагана юкъахь ахчанца боьзна цакхетамаш хилар. Дов къасто баьхкина хилла уьш ГIагIайчоьнан бусалбан динан урхалле.



Москва

В Парке Горького вновь пройдет Московский детский фестиваль искусств «НЕБО»


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Собянин рассказал об уникальных составах, которые поедут по БКЛ в эти выходные



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Концерт

Концерт-телепремьера «Шаляпин и Рахманинов в Кисловодске» состоится на выставке-форуме «Россия»




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Люберчане стали серебряными призерами всероссийского турнира «Быстрый прорыв»

Юные шахматисты Союза армян Чувашии посвятили турнир Году семьи и Дню защиты детей

Кто создает «креативный код» страны?


WTA

Первая ракетка Казахстана вышла в финал турнира WTA в Италии



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Авто

Завершен очередной этап строительства моста в Мнёвниках



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России