Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Апрель
2019

Новости за 17.04.2019

Украинехь ша лацар бакъ дац аьлла Дзортов Тимура

Radiomarsho.com 

Украинан территори тIехь диверсеш лелийна аьлла, шеконашца ворхI оьрсийн къайлахчу сервисийн белхахо дIалаьцна шаьш, шайлахь ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун хилла гIовс Дзортов Тимур а волуш аьлла, Украинан кхерамзаллан кхеташоно бина хаам бакъ бац аьлла "Кавказ.Реалии" портале ша Дзортов Тимура. Карарчу хенахь шен белхан меттигехь ву Дзортов, тоьхначу  телефонна жоп а луш. "Сан йоллу цIе йолуш хила тарло и стаг. Украинехь со лацарх комментари ас муха юьтур ю, ГIалгIайчохь сайн белхан меттигехь хиъна Iаш волчу"... Читать дальше...

Хелхавала реза ца хилла меттигера вахархо вийна дагестанхоша ГIирмехь

Radiomarsho.com 

Аннекси йинчу ГIирмехь Дагестанерчу кхаа вахархочо дина питана бахьана долуш летарш хилла аьлла, яздина "Российская газетано". Оцу латаршкахь вийна, барехь лезгинка хелхавала дуьхьал хилла меттигера 34 шо долу вахархо. Полисхойн версица корта бахо маларш мийлинчу кхаа дагестанхочо бар чу веанарг хьовзийна хилла: "Вало хелхавала" аьалла. "Хелха вала оцу 34 шо долчу жимчу стага дуьхьало йича, "и зуда" ялийта хелха бохуш, кочабахна хилла цуьнца хиллачу цуьнан хIусамнанна. Оцу бахьанашца летта цу чохь уьш"... Читать дальше...

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун хилла гIовс лаьцна Украинехь

Radiomarsho.com 

Украинан территори тIехь диверсеш лелийна аьлла, шеконашца ворхI оьрсийн къайлахчу сервисийн белхахо дIалаьцна шаьш аьлла, хаамбо пачхьалкхан кхерамзаллан урхалло (СБУ). Брифингехь Iорадаьккхина цунах СБУ-н  куьйгалхочо Грицак Василийс, дуьйцу "Медиазонас". Грицака бахарехь, 2017-чу шарахь Киевехь машен а оьккхуьйтуш, тIеман иччархойн инарла Шаповал Максим верна бехке бу лецнарш. Ву царлхаь ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун хилла гIовс Дзортов Тимур а. ГIиргIазойчоьнан вахархочун паспорт карийна цуьнгахь. Читать дальше...



"Массо а веданхой бу Хасаевгахьа"

Radiomarsho.com 

Екатеринбургехь кхел йолийна Хасаев Мовсарна тIехь – нохчо бехкево меттигера бизнесхо Арутюнов Ашот верна 2011-чу шарахь дина зулам. Амма цул тIаьхьа ворхI шо даьлча лаьцна Хасаев, 2018-чу шеран Дечкен-баттахь. Нохчийчоь цецъяьлла ца Iа хиллачух – Хасаевгахьа пикеташ дIаяьхьина Москох а. Славянех тера вогIу нохчо Шен цIенна гергахь, коьртах герз тоьхна вийра Арутюнов Ашот 2011-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 27-чу дийнахь. Полицино хIоттийначу васто бахарехь, "25-30 шо хир долуш, славянех тера вогIу... Читать дальше...

Шема дIа а яхна, ахчанашца даIишхошна гIо дина аьлла, бехкейо Дагестанера зуда

Radiomarsho.com 

Дагестанерчу Буйнакскера 43 шо долу зуда бехкейо терроран зуламаш дарна. 2014-чу шарахь Шема а яхна, даIишхойн могIарех дIакхетта хилла  иза, яздо REGNUM агенталло. Ишта тIечIагIдина, гIаттамхошна ахчанца цо гIо латтош хилар а. Болчу хаамашца, 2016-чу шарахь телефонехула шен гергарчуьнга харцонца 45 эзар сом шега дIакхачадайтина цо. Террорхойн хьашташна дайина хилла цо и ахча. Оцу зудчунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх айдина. Кху шеран Зазадоккху-беттан юккъехь Дагестанерчу "Росгвардин" куьйгалхочо Бачилов Мохьмада дIахьедира... Читать дальше...

АгIончаша а, мостагIаша а бехкбуьллу блогерна Абдурахмановна

Radiomarsho.com 

Шайн протестех лаьцна бинчу видео-бегаша оьгIазбахийтина ГIалгIайчуьра бахархой "МаьлгIабекан а, Соьлжан а кIошташкара дайх дисина латта" юхадоьхуш, Нохчийчохь а, Европерчу гIаланашкахь а гуламашка бовларе кхайкхина нохчий Польше тховкIело йоьхучу нохчийн блогеро Адурахманов Тумсос шен рогIерчу видеохула. Бегаш беш иза кечйина елахь а, яьлла хьовсархойн тидаме: аудиторин гIалгIайн дакъа ца кхетта воьлучух, жоп доьху цуьнга. Шина минотах лаьттачу клипо сихонца вовшахтоьхна итт эзар сов хьажархо, гулйина эзарнаш комментареш. Читать дальше...

Нохчийчуьра кхо эзар сов эскархо полигонашкахь гулвелла

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь куп тоьхначу гIагI диллинчу машенийн дивизин эскархой дахначу оршотдийнахь дуьйна Iаморашкахь экзаменаш дIалуш бу. Герз тохар гойтуш, танкан, артиллерийн гIирсаш караберзош Iамораш дIахьо дивизин дакъойн эскархоша Шелковскан, Шуьйтан, Шелан кIошташкарчу полигонашкахь. Нохчийчуьрчу комендатуран векало "Кавказский узел" агенталлана тIечIагIдина, Iаьнан хенахь шаьш Iамийначух хаарш гойтуш бу эскархой аьлла.



Кадыров: Караулован масало гайтарца - интернетехь экстремизмна дуьхьал къийсам чIагIбан беза

Radiomarsho.com 

Экстремисташна дуьхьало латтор интернетехь чIагIдан деза аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойх дIакхета гIоьртинчу Караулова Варварин масална тIе а тевжаш. "Маьршша сайташ тIехь оцу кIадбоцучух деша берийн аьтто ца хилийтархьама, Интернетехь къийсам латтор Iаламат коьрта ду. Цу тIехь болх жигара баккха беза. Караулова оцу гуро лацарна вайн а, регионийн а, пачхьалкхан а бехк бу, вай тесна дитина хилла и гIуллакх", - аьлла мехкан куьйгалхочо "Первый каналан" эфирехь, яздо ТАСС агенталло. Читать дальше...

Дагестанерчу эвлашкахь болх бан реза хилла иттанашкахь тоьлла лоьраш

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу шарахь Оьрсийчоьнан федералан медицинан центрашкара Дагестане болхбан дIабахна 50 гергга лаккхара корматалаш йолу лоьраш, хаамбо "Южный Федеральный" портало. Москвара, Санкт-Петербургера, Астраханера, кхийолчу а оьрсийн гIаланашкара Дагестанехь гулбелла ортопедаш, нейрохирургаш, онкологаш,травматологаш, кардиохирургаш, ишта кхи болу говзанчаш а. Ярташкарчу дарбан хIусамашка медицинан белхахой хьийсош "Земский доктор" аьлла программа ю Дагестанехь болх беш. Кху шарахь могушаллин министралло цига хьажо билгалваьккхина 224 лор. Читать дальше...

Цигаьрка дукха узу регионаш билгалъяьхна эксперташа

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан регионашлахь алсам цигаьрка узучех Росстато хIоттийна рейтинг Iораяьккхина "Известия" хьостан журналисташа. Билгалдаккхарца, хIора дийнахь кIур баккхар дезаш бу пачхьалкхера 22 процент бахархой, юкъ-кара узу 5, 2 проценто. Къаьсттина дукха цигаьрка уьйзурш билгалбевлла Чукоткехь, цигахь 48 % ду терахь. ШолгIачу меттигехь дIатаръелла Магаданан кIошт- 41 процент. Го къовлу Еврейн автономин кIошто, 15 шарел тIехбевллачарлахь 36 процент ву цигахь тонка уьйзурш. КIезиг бу цигаьрка уьйзурш Нохчийчохь - 2 процент... Читать дальше...

Дозанаш билгалдохуш болийна болх сацийна Нохчийчоьно а, Дагестано а

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан парламентан пресс-гIуллакххоша бинчу хаамца, Нохчийчоьно а, Дагестано а шина регионна юкъара дозанаш къасторан болх юкъахбаккха сацамбина. "Шина субъектна юкъарчу дозанех хаамаш реестре баха болийна болх шина агIонан комиссин куьгалхоша юкъахбаккха сацамбина", - аьлла, дIахьедина нохчийн парламентан спикеро Даудов Мохьмада. Ишта Дагестанан Халкъан кхеташонан сайт тIехь а Iорадаьккхина, шина республикан дозанаш къастор сацийна аьлла. Дахначу шеран Гезгамашин-баттахь шина регионна... Читать дальше...



Москва

Шапки женские вязаные на Wildberries, 2024 — новый цвет от 392 руб. (модель 466)


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Собянин сообщил об увеличении числа резидентов ОЭЗ «Технополис «Москва»



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Бато Багдаев

Россия, Культура, Дети: конкурс на новую эмблему обьявил Театр Ульгэр в Республике Бурятия




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Кто создает «креативный код» страны?

Юные шахматисты Союза армян Чувашии посвятили турнир Году семьи и Дню защиты детей

Люберчане стали серебряными призерами всероссийского турнира «Быстрый прорыв»


WTA

Первая ракетка Казахстана вышла в финал турнира WTA в Италии



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Game News

Шапки женские вязаные на Wildberries, 2024 — новый цвет от 392 руб. (модель 466)



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России