Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Апрель
2019

Нефтекумск - йовш лаьтта гIала

0
Нефтекумск - йовш лаьтта гIала

Емельянов Павел

Ставрополна 300 километр юьстах ю Нефтекумск. Бахархоша ишта олу шайн гIалех: "Елла яц, амма эхартан хьожа-м лаьтта"

ТIекхIелдинчу цIенна хьалха доккха сийна четар лаьтта. Чохь – стаг дIаволла кечдина барма. Гонах – гергарнаш, лулахой, доттагIий. Жима ю гIала, хилларг хIуъа а юкъахь луьсту. Четар меттигерчу администрацера деана – чIагIделла ламаст ду иза.

Декъеш ханна чудохку меттиг а ю гIалахь. Амма шело ца тоьу чоьнашна, шабийриг йоьхна тоххара. Тоян а гIиртина нах, амма севцца – кIордийна и тишбелла гIирс. Iай оцу хIусамехь неIарш а йоьллий кхобу декъеш. Ткъа эрна ду 40 градусе кхочучу аьхкенан бурконехь цунах пайдаэца гIерта.

Нефтекумск 25 эзар стагах лаьтта кIоштан центр ю. Шайн гIалех лоций ишта олу бахархоша: "Елла яц, амма эхартан хьожа-м лаьтта".

Гобаьккхина кхехкачу можачу гIамарша и гIала тарйо пана-махкарчу оазисах.  ГIалин юьххьехь, аьрру агIор, хьалха аэропорт хиллачохь, бу дикка хан хьалха динчу цIенойн могIа (хьалха оцу меттехь яра "Камыш-Бурун" олу юрт). Цунах дIакхетта "дIатесна-тасаза" ала тарлуш йолу индустрин куп.

Аьтту агIор лаьтта тIекIелдина цIенош – ойла кхоллало, цхьана советан заманарчу мегаполисера схьадеана-кх уьш кхуза, олий. ГIалина шайга латталуччул хьал латториг ю тоххара ширъелла мехкдаьттачекхдоккхийла а, пехийн цамгарш йолчу нехан набахти а.  

Ставрополан кхечу кIошташкахь а санна, го Нефтекумскехь иза деньян гIертачу наха кхоьллина ларш. Бакъду, тишъеллачу гIалин хотIах хала ду  уьш йоза.

Хаза ю берашна кечйина майда, амма дакъаделла ду агIонашца лаьтта дитташ, эттIа бу гонахара асфальт. Хьалха цигахь аттракцион яра, хено иза къуьрсиг яьккхира, мекхаюьйлира, наха иза эххара а лачкъийра, дIайоьхкира эчиг оьцучарна.

Дукха баьхна, гIала  тойийр ю. Шега далург дан гIерта керла веана мэр, амма яккхий яц цуьнан таронаш – гIалин бюджет.

ГIалин кIаргене ахь некъ беш, го герга хан хьалха тодина артезиан – йоьIан гIад, еа агIор хидоьллийла.  Цунна гобина, маьлхан зIенарех пайда а оьцуш, багочу стогарша.

Урамашца гIашлошна бина некъаш а хаало цхьа наггахь.

Адамна аьтто бан мел йисинчу "гIайреш тIе" дIагулло бахархой. Керланиг – цхьа наггахь гуш долу Iаламат ду царна. ДIаяхана Советан Iедал Нефтекумсках йоккха гIала ян гIиртина зама. Массанхьа а хаало "тоьллачу селханенан" IиндагIаш - дахарна пайдедоцу гIаларташ.

Наха дийцарехь, хьалха хIора цIенна хьалха дара биргIанашца тIедалийна хьаст, хи оьцийла. Аьхка йовхоно морцучу гIаличохь хIаллакьхилла чу хи кхачош йолчу системин доккхах дакъа.

Берашна ловза йисина ах бIе шо хьалха бетонах йина хилла туьйранашкара акхарой. Уьш, макхъелла, Iаржъелла,лаьтта, ша зомбеш санна. Бакъду, наггахь царна басар тоха гIурту меттигера администраци -  сиха дужу тIера,  акхаройн васталгаш тиша хиларна.

ТIекIелйина ши гIишло ю Нефтекумскехь. "Кегийрхойн хIусамийн комплекс" олу цунах. Цаьргара хьал дика довзуьйту гонах долчу суьрто. ЦIеношна уллехь нехаш йохка хIоттийна лаьтта ши гIутакх. Iуьргаш девлла царна, амма уьш дIадукъуш, тIелетийна реклама. Доьзалшка, же-же, "ненан капитал" дIаоьцу ша, сихха тIедуьйла шена, боху шен цIе лачкъош а йоцчу цхьана меттигерчу фирмано.

КхидIа гIала теллича го ерриг кIоштанна лерина дарбан цIа. Цигахь дIадаьхьна шен тIаьххьара денош вайна сийначу четара кIел, барамичохь гиначу стага.

…Хьешаша дуьйцу, мел дика стаг вара кхелхинарг, мел догцIена вара, мел дукха къахьийгира цо. Ишта боху, цавала мегара, диагноз нийса хIоттийна хиллехь. Амма бацара и нийса хIотто кхин меттиг.

Нефтекумск – цхьа говзанча гIалара дIавахча, я пенсе ваьлча, дахаран силайолу агIо охьайолу гIала ю. Цундела хьахаво велларг, тоьлла белхало вара, олий.

Велла пекъар дIавуллу нефтекумскьхоша, баьхкинарш дIасабоьлху – царалахь дукха бу, гIала дIа а тесна, кхечунхьа беха нах. Кеста юьтур ю гIала, аьлча а, гIала хилла Нефтекумск, тахана цуьнан урамашкахь хаалуш болчу кегийрхоша – дахарна атта хьелаш лохур ду цара. Лахлуш ду кхузахь бахархойн терахь.





Губернаторы России
Москва

Собянин поддержал команду кандидатов от «Единой России» на выборы в Мосгордуму





Москва

Золотые часы от Министерства обороны за вклад в развитие Кадетского движения России!


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Собянин: выборы в Мосгордуму будут серьезным экзаменом



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Игорь Бутман

«Петербургские сезоны»: Всемирно известный саксофонист Игорь Бутман провел мастер-класс для детей на фестивале культуры ПМЭФ




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Росгвардия приняла участие в спортивном празднике «Динамо» в Москве

Сотрудники Росгвардии приняли участие в спортивном празднике МГО «Динамо» в Москве

Новороссийские шахматисты приняли участие в полуфинале турнира "Шахматные звёзды 4.0"


Александр Зверев

Испанец Алькарас выиграл у Зверева и стал победителем Roland Garros



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Українські новини

Досвідчені садівники обирають великі технічні горщики для своїх рослин і квітів



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России