ГIалгIайчуьрчу митингийн декъашхочунна гIуда тоьхна
![ГIалгIайчуьрчу митингийн декъашхочунна гIуда тоьхна](https://gdb.rferl.org/A82188A2-B0A4-4E81-A897-029DC36C458F_cx0_cy7_cw0_w800_h450.jpg)
ГIалгIайчохь суьдо 20 эзар сом гIуда тоьхна Зазадоккху-беттан 26-чохь Магасерчу митингехь дакъалаьцначу Барахоев Илезана. Иза бехке вина дуккха а адамаш дакъалоцу мероприяти дIаяхьаран кеп йохорна.
Барахоевн да, 65 шо долу дуьхьалонан акцийн хьалханча Барахоев Ахьмад, 10 де хан а тоьхна, чувоьллина ву. Цунна бехке диллина, Iедалшка а ца хоуьйтуш, дуккха а адамаша дакъалоцу мероприяти вовшахтохар.
Хьалхо ГIалгIайчохь лаьцна меттигера жигархо Дугиев ИбраьхIим. Иза бехке веш ву дуьхьалонан акци дIахьош ницкъаллин структурийн белхахошна тIелатар дарна.