Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Апрель
2019

"Массо а веданхой бу Хасаевгахьа"

0

Екатеринбургехь кхел йолийна Хасаев Мовсарна тIехь – нохчо бехкево меттигера бизнесхо Арутюнов Ашот верна

2011-чу шарахь дина зулам. Амма цул тIаьхьа ворхI шо даьлча лаьцна Хасаев, 2018-чу шеран Дечкен-баттахь. Нохчийчоь цецъяьлла ца Iа хиллачух – Хасаевгахьа пикеташ дIаяьхьина Москох а.

Славянех тера вогIу нохчо

Шен цIенна гергахь, коьртах герз тоьхна вийра Арутюнов Ашот 2011-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 27-чу дийнахь. Полицино хIоттийначу васто бахарехь, "25-30 шо хир долуш, славянех тера вогIу, 165-170 сантиметр лекха, еха бедар йоьхна, бIаьргаш тIе бейсбол-куй теттина" стаг ву зулам динарг. БукътIехьара гина иза Аратюновца хиллачу цуьнан шина хадархочунна, амма ма-варра иза ган ца ларабелла уьш – сихха ведда, къайлаваьлла зуламхо.

Адвокаташа Хасаевца ца догIу боху и сурт. Мовсар заьIапхо ву, цхьа ког бу вукхул боца. Вац иза вада таро йолуш, некъахьовзамехь чолакхвисина 1998-чу шарахь.

Бехкеван цхьа а стаг ца карош деха Iийна Iедал. Юхьанца йийцаяьккхира Екатеринбургехь вехачу нохчочун Юсупов Романан цIе. Иза вара талламна юкъаозийна, амма, Арутюнов верах долу тоьшаллаш ца карийра, Iадвитира. ХIан-хIа, ца хийцира дIа – бехкевира кхечу зуламна, гIалин администрацин куьйгалхочун гIовсо Контеев Виктора беллачу мехах меттигера бизнесхо Волков Андрей верна. Юсуповс тIеийцира бехк.

Пехийн цамгарх 2013-чу шарахь, шена кхел ечу юкъанна, велла Юсупов Роман.

Арутюнов верах йолчу шеконах талламо мукъа ца витина Юсупов. Иза веллехь а, цуьнан телефон чохь карийначу зIено кхачийра низамхой Хасаев Мовсарна тIе. Аьлча а, Юсуповн телефон чохь сурт карийнера, иза нохчийн лаьмнашкахь Хасаевца жижиг кхорзуш Iаш.

2017-чу шарахь Iедало зен долийра, мила ву Юсуповца суьрта тIехь верг. Нохчийчу, иза вехачу Ведана баьхкина, Юсуповх лаьцна хеттарш шаьш дича, Екатеринбургерчу талламчаша мукъавитира Хасаев Мовсар. Амма кхин а ах шо даьлча, Устрада-гIала воьдучуьра лаьцна, БуьритIе дIавигира иза, цигарчу кхело изоляторе кхачийра.

Талламчаш харц бу, алиби ю Хасаевн, тоьшаллалехь бу дуккха а веданхой, чIагIдо адвокаташа. Екатеринбургехь Арутюнов вуьйчу минотехь заьIапхо шен цIахь, Веданахь, гергара стаг дIавуллучу тезетахь вара, боху массара а.

Халкъ Хасаевгахьа ду

Москох, Оьрсийчоьнан Талламан комитетан цIенна хьалха Хасаевгахьа пикеташ йира жигархоша. Цуьнан гергарчарна Москох гулам хIотто а магийра мэрино. Екатеринбурге Хасаевн хьокъехь дийцарш дIадахьа вахара Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовс Алаудинов Апти.

Нохчийн юкъархочо Саратова Хедас Хасаев Мовсаран агIо лоцуш къамел дира Екатеринбургерчу кхелехь - дукха хан йоццуш листа долийна цуьнан дов. "ГIалатбийла талламчаш юьхьанца дуьйна боьлла….Юрист хила ца оьцу, кхелехь лела харцо, гIурт кхето", яздина цо социалан машанашкахь.

Бакъоларъярхочо Саратовас ша Нохчийчохь Хасаевна гIоьнна акцеш хIитто дагахь ю, дийцира "Кавказ.Реалиига". "18 эзар стагах лаьтта кIошт (Веданан кIошт – редакцин билгалдаккхар) кийча ю Хасаевна орцахъяла. Дуьйцу зулам хиллачу сахьтехь иза Веданахь, гергара стаг дIавуллучохь, хилла. Полиграфах чекхваьлла, Хасаев шайна гарх лаьцна тоьшалла дан кийча ву тезетахь лаьттина ши эзар стаг лаххара а. Тезет, хууш ма-хиллара, деа дийне а долу", элира Саратовас.

Арутюнов вуьйчу дийнахь Хасаев Екатеринбургехь хилла ала цхьа а документ дац талламчашкахь, иза цигахь хилла вац цкъа а, чIагIдо Саратовас. "Сила йолчу кIошто боху иза Веданарчу тезетахь вара, амма цхьа а вац бохучуьнга ладугIуш, нехан тоьшаллаш тIеоьцуш", цецъюьйлу бакъоларъярхо.

Цо дагадоуьйту Хасаев Мовсар челакх хилар, цуьнан цхьа ког шолгIачул ялх сантиметр боца хилар, цу тIе Паркинсонан цамгар цуьнца хилар. "Шуна муха хета, даима а куьйгаш эгош волчу стаге генара хьажийна, тохалур дуй герз? Стаг вийна ялх шо даьлча, цхьана "бомжаша" (хIусам йоцчу мисканаша) тIе пIелг хьажийна аьлла, лаьцна иза. Ткъа 18 эзар стаг вехачу кIошто чIагIдийриг дац тергалдеш а. Масара а цхьабосса боху, Мовсар тезетахь вара. Делахь а, хезна цигахь аьлларг, амма ца хеза кхузахь оха бохург", элира Саратовас.





Губернаторы России
Москва

Собянин: 1 июня начнется фестиваль «Лето в Москве. Все на улицу!»





Москва

Преступления мигрантов с рынков азербайджанского олигарха Года Нисанова продолжают шокировать Москву


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Сергей Собянин поздравил москвичей с Международным днем защиты детей



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Uriah Heep

Uriah Heep. Come Back To Me




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Певица Пелагея разделила имущество с бывшим мужем

Муж Заворотнюк дал волю эмоциям на прощании с актрисой

Спортсмены из Химок выиграли Первенство Подмосковья по автокроссу


WTA

Пресс-служба WTA мемом отреагировала на тяжёлую победу Свёнтек над Осакой



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Москва

«Она ведь была в прямом смысле нашей няней» // В Москве простились с актрисой Анастасией Заворотнюк



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России