Немцойн меттан олимпидехь толам баьккхина Нохчийчуьрчу дешархочо
![Немцойн меттан олимпидехь толам баьккхина Нохчийчуьрчу дешархочо](https://gdb.rferl.org/7E77E885-0609-4499-B7B0-F0FED8D0BC28_w800_h450.jpg)
Йоккхачу АтагIарчу №1 школера 11-чу классан дешархочо Мааев ВахIида толам баьккхина Москохь хиллачу немцойн меттан олипиадехь. Цу къовсадаларехь дакъалоцуш бара Оьрсийчуьра массо а регионера дешархой.
Кхаа муьрехь немцойн маттахь хаарш гайта дезаш бара олимпиадан декъашхой. Эххаре а Нохчийчоьнан векало толам баьккхира, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло.