Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Апрель
2019

Кавказера къинхетаме набахтеш

0
Кавказера къинхетаме набахтеш

Садовская Алена

Хьалхачул кхузза дукха набахтийн белхахой ийзабо Оьрсийчохь бехктакхаме. Бахьана – тутмакъашца тIех къиза хилар. …Амма яц Кавказера набахтеш сов шога, ститисташа бахарехь.

2018-чу шарахь, цул хьалхарчу шераца дуьстича, тутмакхаш хьийзорна кхузза дукха бехктакхаман гIуллакхаш айдина Федералан таIзар такхийтаран системерчу (ФСИН) белхахошна дуьхьал. Ишта хаам баржийна шен кхеташо йирзича Оьрсийчоьнан Инарла Прокуратуро Охан-беттан 23-чу дийнахь.

ТIаьххьарчу кхаа шерачохь набахтешкара тIехьажархой тутмакхашна деза зенаш дарна жоьпе ийзийна 144-зза. Айдинчу девнех 112 ду набахтийн белхахой шайгарчу даржаша лучу бакъонел совбийларна гIаттийна: 2016-чу шарахь – 25 дов, 2017-чохь – 23, 2018-чохь – 64.

Аьрзнаш толлуш прокурораша Iорадаьккхина далийначу терахьашкара хIора шолгIа зулам. 67 набахтийн белхахо ву кхаа шарахь жоьпе озийнарг, уггаре дукха - 2018-чохь.

"Оццул дукха зуламаш Iорадахар цIеххьана нислуш дац. ТIехьажархоша ден зуламаш совдевлла бохург а дац иза. Ирча хьал набахтешкахь даима а лаьттина: ницкъбар а, коррупци а вуно даьржина лела зуламаш ду. Дукха а бехктакхаман девнаш гIиттор, гарехь, дозу пресса а, бакъоларъярхой а сема хьийзарца. Цуьнан бахьана набахтешкара хьал толлучу комиссеша болх жигарабаккхарца доьзна хила а тарло ", - аьлла хета шена, дийцира "Кавказ.Реалиига" "Iазапна духьалояран Комитетан" куьйгалхочун гIовсо Хабибрахманов Олега.

Цунна гарехь, хьал тидаме эцийтинарг ду Ярославлерчу №1 набахтехь белхахоша тутмакхна етташ яьккхина видео "Юкъараллин вердикт" фонде кхачар, иза "Новая Газето" ("Керла Газета") нахалахь дIасаяржор – гайтам тIех шуьйра баржабоьлча айбира бехктакхам.

Набахтеш жоьпалле йожо, церан белхахошна дуьхьал дов айдайта массех фактор оьшу, билгалдоккху бакъоларъярхочо.

"Уггаре хьалхарниг - белхахошкара даьллачу зуламан йозалла: тутмакх айпевар я вер. КхидIа – тутмакх а, цуьнан гергарнаш а, шаьш толллалц, дуьхьаллатта беза. Кхин а цхьа фактор – тоьшаллаш хилар, уьш юристаша (адвокаташа, набахтешна тIехьожучу комиссеша) шайн хеннахь билгалдахар. Кхеташ ду, хьал нахаладаккха деза прессо. И дерриг а долуш дуй – ийзабало бехкенаш жоьпе, дацахь – гIуллакх ца хуьлу", - боху Хабибрахмановс.

Къилбаседа Кавказан а, ша аьлча, Краснодарерчу а "Iазапна духьалояран Комитетан" офисашна "дохьу хазахетарш " ца хуьлу набахтех хьакхалуш, уьш хьакхало дукха хьолехь полисхошакара юьйлучу къизаллах, хаийтира Каляпин Игоран гIовсо.

"Кавказерчу набахтешкара юьйлу къизалла зер къезиг нисло. Чохь бохкучийн Iедал дац шайн тIехьажархошна леткъаш", элира "Кавказ.Реалиига" "Iазапна духьалояран Комитетан" Къилбаседа Кавказерчу декъан куьйгалхочо Пискунов Дмитрийс.

Набахтешкарчу белхахой, шена дагадогIуш, цкъа бен ца ийзийна къизалла а гайтина жоьпе, боху Пискуновс. Оьшшу дарба цадарна Соьлжа-ГIаларчу №1 изоляторехь валлочу Янгулбаев ИбрахIимна Нохчийчуьрчу Iедало жоп дийхира бехкечаьрга ("Новая газето" артикл араяьккхича дара иза).

" 2018-чу шарахь дара иза. Оха бехктакхаме ийзабахьара бехкенаш, аьлла, дийхира, тхан гIуллакх ца хилира. Арз дахьийтина оха оцу хьокъехь, жоп цкъачунна кхаьчна дац", - боху Пискуновс.

"Къилбаседа Кавказан кхечу регионашкахь оццул а ца леткъа тутмакхаш. Ца хаьа иза стенна ду ишта: я набахтешкахь ца лела къизалла, я тутмакхаш кхоьру аьрзнаш кхехьийта. Ший а бахьана хила торучех ду", - билгалдоккху бакъоларъярхочо.

Пискуновна хетарехь, шатайпа ю Къилбаседа Кавказехь талламан комитеташ а – маьрша яц уьш шайн болх дIакхехьа.

"Вай юьйцу факторш хилча а (тутмакх айпевар, аьрзнашка валар, хилам прессехула баржар), дац хьал Москох я Нижний Новгородехь санна паргIат. ХIунда аьлча, ца яьхьа Кавказера талламан комитеташ бехкеберш жоьпе ийзо. И тайпа девнаш айдар шайна кхераме хета царна, республикерчу Iедало политикан лаам гайтина хIума ша дацахь",  -дуьйцу Пискуновс.

"Iазапна духьалояран Комитетан"  Краснодарерчу декъо бина тоъал дика болх. Цигахь бакъоларъярхойн аьтто баьлла бехктакхаман 5 дов айдайта. Делахь а, дац уьш набахтешца доьзна – ницкъхойх хьакхалуш ду. Девнаш гIиттийнехь а, ала дац, уьш кхеле кхочур ду. Кхаьчча бен дуьйцийла дац жамIах лаьцна", - элира "Кавказ.Реалиига" Краснодар-мехкан декъан куьйгалхочо Романов Сергейс.

"Набахтешкара аьрзнаш ца кхочу тхоьга. Шина шерачохь диъ арз даийтина тутмакхаша – цхьаъ бен дац царех талла тхуна маьIне хеташ. Хала ду ала, стенна ду хьал ишта. Бакъ хила тарло набаштешкахь къизалла кIезиг лела бохург, иштта бакъ хила мега тутмакхаша аьрзнаш ца яздо бохург а.  ТIехьожучу комитетерчу юристашка хотту оха, цара яц олу набахтешкахь къизалла", - хаамбира Романовс.





Губернаторы России
Москва

Собянин наградил выдающихся москвичей за профессиональные достижения





Москва

«СВЯТОЙ ЛЕНИН» и ДЕНЬ РОССИИ: успех России в С В О = мир во всём мире?!


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Собянин расширил программу стимулирования создания мест приложения труда



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Анастасия Волочкова

Балерина Анастасия Волочкова выложила фото с российским флагом




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

15 июня в Ростовском городском шахматном клубе на Газетном, 92 поведут рапид памяти международного гроссмейстера Сергея Аслановича Бешукова

Путин обратился с приветствием к участникам Спортивных игр стран БРИКС

В районе Вороново появится новый крупный стройкластер


Мария Шарапова

Мирра Андреева может стать новой Марией Шараповой



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Москва

Сергей Собянин. Главное за день



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России