Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Май
2019

"Харцо кхин ловр яц ас". Казахстанера протестхой

0

ЭГЕМБЕРДИЕВА Жазгуль

ОРАЗБЕКОВА Шолпан

ЭНГЕЛЬГАРДТ Павел

 

Еарийдийнахь хинболчу президентан харжамашна дуьхьалбовларна, бахначу баттахь лийцира Казахстанера жигархой. Изоляторера мукъабовлуш бу уьш хIинца. Лайначу таIзаро ца хийцийтина цаьрга дог-ойла - шаьш дуьхьал ду харжамашна, чIагIдо цара.

Алматахь хIора шарахь хуьлучу марафоне, карахь "Бакъдолчух идина вер вац", "Сан харжа бакъо ю" аьлла кечйина баннерш а йолуш, баьхкинчех пхи стаг лецира полицино. 15 де-буьйса даккхийтира изоляторехь Тулесова Асияга а, Толымбеков Бейбарысе а.

Кху беттан 1-чу дийнахь Нур-Султанехь, Алматахь, Карагандахь, Семейхь, Актобехь лецира кхин а 80 протестхо. Царна а йиттира изза хенаш.

Тулесова Асияс ша изоляторера мукъаяьлча бохура, атта дац стагна чохь валла, амма ша лерина яц дог-ойла хийца.

"Изоляторехь Iачу юкъанна ас цхьа книжка йийшира, болам оьшур бац, нагахь санна лидерш алссам белахь, жигаралла кар-кара луш, дIакхехьа еза массара а, бохура цу тIехь. Иза бакъ ду, харцо ялхораш дуккха а хилча, хьал а долало хийцадала", боху Тулесовас.

Ша лаьцначул тIаьхьа хиндолчух йолу ойла хийцина Толымбековс.

"Лацале хьалха со эскарехь гIуллакхдан кечлуш вара. Кегийнах Iамочу меттехь вара, цигара цхьана денна суо дIахецар дийхира ас. Со марафонерчу протестхойн тобано бохучуьнга ладогIа ваханера. ХIинца ас хийцина сайн Iалашо, гIур вац со эскаре. Лаьа халкъанна пайде хила, амма ас алссам бохьур бу и пайда кхузахь, протестан боламехь", - аьлла хета Бейбарысна.

Жима стаг тидаме эцна Iедало. Ша изоляторера араволлушехь, журналисташна интервью елира цо. ТIебаьхкинчу полицисхоша а, эскархоша а кегийнах эскаршка бига кечбечу метте вигира иза, цигахь бехкевира эскаре ваха цалаарна, кехаташ хIиттийра.

"Ас цкъачунна куьг ца таIийна кехатна, юристашка арз хьажийна, мел нийса хIоттийна и кехат хьовсийта", – элира жигархочо.

*****

Данияров Талгат кхечу протестан гуламехь лецира. Нур-Султанехь. Шена тоьхна 35 эзар тенге ($100) гIуда такха дезаш ву иза. Доьзал ша цхьамма кхобу, шен хIусам а яц цуьнан, болх а бу юкъ-кара хуьлучех.

Пхи бер ду Талгатан, жимахниг, йоI, Даунан цамгарца еха, иза ларъеш Iа нана, болх бойла дац цуьнан.  100 эзар тенге ($300 гергга) оьцу боккхачу доьзалан дас гIишлошъечу фирмехь.

"Газ, серло ца яйархьама, пеш ягайо оха Iай, кхача а цу тIехь кечбо. Пешанна а оьшу кIора. Iедало ца ло тхуна и ягориг. Газах 90 тенге доьху, берашна даон эца деза 4 бепиг дийнахь, шура еза ю, ткъа жижиг-м тхуна гуш а дац, ца дуу оха иза", дуьйцу Талгатан зудчо шайн доьзалх а,  халонех а лаьцна.

БархI шо ду Талгатан доьзал цIенош, аьлча а, петарш лучу рогIе хIоттийна. Ткъа рагI яц меттахйолуш а.

"Могашалла латто ахча ца тоьу тхуна. ХIусам нехан ю, мах луш деха тхо. Оцу доллучо а халчу хьоле кхачийна тхан доьзал, кIордийна дерриг а, цундела ваханера Талгат гуламе", боху зудчо.

"Деттар ду суна гIуданаш! Амма харцо лелар яц даим. Духур ду харц Iедал. Берийн дуьхьа ду ас лелориг, уьш кхечу хьелашкахь даха деза. Тахана а кIора багабо оха чохь!  М муха хуьлу?! Харцо яц иза?! Махко мехкдаьтта, газ юхку, ткъа тхо кIора багош деха!"

Ишта дуьйцу ша протесташка лелар Денияров Талгата.

Казахстанан президентан харжамаш хуьлучу денна лерина ю протестийн рогIера митинг. Хьалхарчу митинге вахарна цунна тоьхна гIуда 35 эзар тенге ду. Амма гIур ву иза кху рогIерчу гуламе а.





Губернаторы России
Москва

Сергей Собянин поздравил москвичей с Днем России





Москва

«СВЯТОЙ ЛЕНИН» и ДЕНЬ РОССИИ: успех России в С В О = мир во всём мире?!


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Собянин наградил выдающихся москвичей за профессиональные достижения



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Ольга Бузова

«Нам теперь длину юбки измерять?» — Буланова заступилась за «голый» наряд Бузовой




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Крупный строительный кластер возведут у поселка Спортбазы в ТиНАО

В районе Вороново появится новый крупный стройкластер

Файзуллаев рассказал, что тратит порядка $5 тысяч за месяц жизни в Москве


WTA

Блинкова вылетела с турнира WTA в Хертогенбосхе



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Москва

Куба осудила западные санкции против РФ и расширение НАТО к российским границам



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России