30 сов стаг вийна Таджикистанерчу колонехь хиллачу къепедацаршкахь
Таджикистанехь Вахдат гIаларчу чолхечу рожан колонехь бунт хилла Стигалкъекъа-беттан 19-чохь. Цу къепедацаршкахь вийна 3 гIаролхо а, 29 чувоьллина стаг а. Цунах лаьцна хаам бо пачхьалкхан "Ховар" агенталло, юстицин министраллана тIе а тевжаш.
Таджикистанан юстицин министралло чIагIдарехь, "Исламан пачхьалкхана" юкъахь хилла аьлла чувоьллина волу 30 тутмакх вада гIоьртина хилла колонера. Цара закъалтана лаьцна вийна 3 гIаролхо. Цул тIаьхьа гIуданан изоляторера шайн 8 накъост араваккха гIоьртина уьш.
Кхерамаш тосуш бунт айинчара вийна 5 тутмакх, иттаннашна чевнаш а еш, аьлла ду цу пачхьалкхарчу таIзарш кхочушдон коьртачу урхаллан хаамехь.
Бунт охьатаIош вийна 24 тутмакх, 35 лаьцна ву. Инарлан прокуратуро талла долийна хилларг. Цо динчу дIахьедарца, бунт айинчарах цхьаъ ву, Шема а вахана, "Исламан пачхьалкх" тобанах дIакхеттачу Таджикистанан ОМОН-ан командир хиллачу Халимов Гулмуродан кIант.