Хоси-юьртах Ахмат-юрт ян еза, боху Даудовс
![Хоси-юьртах Ахмат-юрт ян еза, боху Даудовс](https://gdb.rferl.org/26E99C7E-EB61-4FC3-956F-2294D1201563_w800_h450.jpg)
Нохчийчуьрчу парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада дIахьедар дина, Нохчийчуьрчу Хоси-Юьртан цIе хийца еза Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сий деш аьлла. Цунах лаьцна цо яздина Инстаграмерчу шен агIонехь.
Нохчийчоьнан парламентан спикерна хетарехь, "Оьрсийчоьнан турпалхо вина эвла хакъ долуш ю "цуьнан "АХЬМАД-ХЬАЬЖИ ЮРТ" аьлла цIе лело.
"АХМАТ-ЮРТ! Иза уггар лоруш волу а, легендан а нохчийн къоман Къонах схьаваьлла юрт ю", - чIагIдо Даудовс шен постехь.