Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Май
2019

Марха кхобучарна гIуда тоьхча санна…

0
Марха кхобучарна гIуда тоьхча санна…

Идрисова Барият

Дагестанан муфтиято доьху юуучун мехаш цабестор, амма базархошна ца тов и тайпа къамелаш

Дагестанан муфтис Салимов Iабдуллас совдегаршка дехна Рамадан баттахь кхачан мехаш ца хуьйцуш, лакха ца дохуш дитар. "Вайна хIора шарахь а го, мархийн бутт тIехIуттушехь, цхьаболчу кхачан мехаш бестош базаршкахь", боху цо видеошкахула дIасадаьккхинчу къамелехь.

"Кавказ.Реалиин" корреспондент мехашка хьожуш чекхъелира ХIинжа-ГIаларчу "Атриум" базархула, зийра, мел хийцабелла уьш, хьолах лаьцна хеттарш дира йохкархошка а, эцархошка а.

Кхача чубохьу нах буй-те бехкенаш?

Бакъийна стоьмаш, церан аьхкаш юхкучу Зурията хьалхалерра ахча доьху нахе. Амма хурманашна тIетоьхна мах. Ца-яьлла дина ша иза элира цо.

"Сайн хьалха хилла мехаш бу ас боьхурш. Бакъду, хурманаш еза еана суна. Хьалха оха церан ботт 700-800 соьмах оьцура, итт туьма бен тIе а ца тухура. ХIинца 1500 соьмах еана. Алийша, ас меланнах йохка уьш? Сан бехк банне а ма бац!", - куьйгаш дIасадаржийра Зурията.

Цуьнан къамел хезначу тIехволучо, саца а соций, мохь туху: "Дерриг а даздина аш! Кху мархийн баттахь даздина массо а хIума!"

Мерзалгаш юхку Рукъият а яц реза Рамадан-баттахь совдегарша дечунна. Кху баттахь чекхдер дуйла а хууш, совдегарша шайггара тIебетта мехаш, боху цо а. "Ишта ду хIара дуьне. Хила а хилла, хир а ду. Тхуна ца лаьара аьлла, хийца а ма лур дац. Кху базарахь дукха бу, шайна кхача беза охьабиллинашехь, эцархой кIезиг хиларна, хьалхалеррачу кегий мехашца иза бухкурш", - чIагIдо Рукъията.

ЧIара бухкучу Мохьмада дийцарехь, мархийн баттахь даима а мах бестабо  жижиган, котамийн. "Бусалба нехан хIара беза бутт тIекхоччушехь, хьалабоху жижиган мехаш. Я иза цара шаьш до, я тIедохьу жижиг оццул деза ду, иза шена ца хаьа, амма ша чIеран мах цкъа а ца бестабо, элира цо.

"Мах вуно ледара бу ишта а, "менташа" лоьхку тхо, биллина лаьтта тIехьовсурш. Шо шаре мел долу эшна догIу. Ткъе итт шо ду со базарахь лаьтта, девза суна кхузахь дерг. Амиров [оьмар кхачаяллалц чохьвалло набахте хьажийна ХIинжа-ГIалин мэр - ред] вон ву олура хьалха, амма иза волуш низам алсам дара. ХIун дуьйцур ду ас? Хьажал хьо хьуо кху базаре".

"Массо а ву шена кхочу кепек ларъеш"

Кхача эца баьхкинчех ю Саният. Цунна хетарехь, мехаш бесторхьама, ерриг а базар Iа мархийн бутт тIекхачаре хьоьжуш. "Мехаш массо а хIуман бестабо. Наха сагIийна яла оьцучун а, жижиган а, котамийн а. Мерзалгаш а, бакъийна стоьмаш а бухку мехаш а бестош", - элира зудчо.

Стоьмаш бухкуш лаьттачу Бахрама хьашт дац, боху, йохкархой бехкебан, шайга кхоччург бен дац цара лелош – церан карахь дац мах тIегIанехь латтор. "Тхох доьзна ма дац иза, кхача кечбечу нахах а, иза тхуна тIебохьучех а дозу-кх. Оптан мах хьалабоккху марханаш тIекхочуш. Тхаьшка схьакхаьчначу меха тIе кепекаш тухуш а ца хилча, оха хIун до кхузахь лаьттина. Массо а ву шена кхочу кепек ларъеш", - боху Бахрама.

Эцархочо ПетIамата шена ца хааделла мехаш бесташ, амма уьш лакхабовла мега марха досту де герга кхочуш, элира.

"Ас даима а санна цхьана туьканара оьцу кхача, цундела хьал суна ца девзаш хила а тарло. Марха достучу кхаьчча бестабо мехаш дукха хьолехь, ур-атталла юучух тухучу беций мехаш а беста шозза сов", - дийцира жимачу зудчо.

Котамийн жижиг духкучу Венерас бахарехь, базархой ма-хуьллу ца бесто гIерта мехаш, амма дено-дено лакхабоху уьш юуург тIейохьучу совдегарша.

Леткъаме дара цуьнан къамел: "Тхо эцархойн аьтто бан гIерта. Керлачу Шарна кечлуш ма бац нах, хIара вайн бусалба динан Де ма ду, кху баттахь нах вовшашка къаьсттина къинхетаме хила ма беза! Делахь а, тхаьшна эшам а беш, муха бийр бу мах!"

"Атриум" базаран директорна Муртазалиев Нурмохьмадна ца хааделла базархоша мах шайггара лакхабоккхуш. "Кавказ.Реалиин" корреспонденте, ша керла веъна ву дарже, шен тIех дукха зеделларг а дац, аьлла, довзийтира цо шена хааделларг. Мехаш базарахь лаьттачу йохкархоша ца бестабо, уьш опт лелочу, кхача махка бохьучу наха хьалабоху, цунна хетарехь.





Губернаторы России
Москва

Мэр Москвы Собянин договорился о сотрудничестве с главой Башкирии Хабировым





Москва

Яндекс, А.С. Пушкин, Святой Ленин ведут следствие. Настоящая сенсация! 225 лет А.С. Пушкину.


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Мэр Москвы и глава Башкортостана подписали соглашение в рамках ПМЭФ



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Metallica

Лидер Metallica Джеймс Хэтфилд рассказал, что ему снились кошмары перед туром




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

«Столото» подписал соглашение в развитие стратегической поддержки комплекса ГТО и многоборья ГТО

В Швейцарии завершился чемпионат Европы по спортивной и фитнес-аэробике

Поражения Шубенкова и Савлукова, осечка Кнороз и двойной триумф Макаренко: чем запомнился «Мемориал Знаменских»


Ролан Гаррос

Андреева рассказала о своих планах на предстоящий матч с Соболенко во Франции



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Арина Соболенко

Названо условие сенсации в матче Арины Соболенко с вундеркиндом из России



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России