Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Май
2019

ХIун хьал ду Шемара цIабалийначу нахехь?

0
ХIун хьал ду Шемара цIабалийначу нахехь?

"Жусан" леринчу операцин гурашкахь Шемара Казахстане эвакуаци йинчу Актюбинск кIоштан бахархой дIалийцира даймахкахь. Азаттык радион корреспондентан аьтто белира бехкзуламан гIуллакхаш дуьхьал даьхначийн гергарчаьрца  къамел дан.

Стигалкъекъа-беттан 7-чу дийнера 9-чу дийне кхаччалц "Жусан" цIарца йолийначу леринчу операцин гурашкахь цIа валийначу Актюбинск кIоштан виъ вахархочунна дуьхьал бехкузаламан гIуллакхаш долийна.Царех цхьаъ ву 28 шо долу Куанов Руслан. "Шемахь тIемашкахь дакъалаьцна ву" аьлла, шеконашка эцна иза. Алмагамбетова Акмарал а, Тореханов Данабек а, Сабитулы Даурен а бехкево "терроризмна пропаганда" ярна а, "динашлахь гамо яржорна" а.

Шемара даймахка балийначул тIаьхьа дIалецначийн гергарчара бахарехь, цкъачунна церан таро хилла яц шайн доьзалшца цхьанакхета. Амма царна хууш ду, Актаура реабилитацин центрера Актобе а балийна, кху беттан 15-чохь талламан изолятор чу боьхкиний уьш. Актюбинск кIоштан кхелан векалша бахарехь, Актобан талламан леринчу кхело шина баттана уьш чохь буьтуш сацамбина.

КУАНОВ РУСЛАН

Темирскан кIоштара схьаваьллачу Куанов Русланан нанас боху, тIаьххьарчу шина дийнахь ша масийттазза Актюбинск кIоштарчу къоман кхерамзаллан департаменте яхара, шен кIантаца цхьанакхета лууш.

- Департаментан белхахоша карантин ю кхайкхийна, цундела цкъачунна аьтто бац Руслан хьуна гайта элира соьга. Итт дийнахь лаьттар йолуш ю карантин. Аьтто ца белира сан кIант ган. Иза когана чов йина хилар а хиина суна, медицинан гIудалкх тIехь схьавалийна хила иза. Русланан доьзалх хIинца а хууш хIума дац тхуна. Шемара сан кIанта соьга телефон тоьхначу хенахь элира, шина зудчо дина кхо бер ду шен аьлла, - дуьйцу Жасанова Гульшарас.

Ненан дийцарца, 2011-чу шарахь тIехдика колледж чекхъяьккхина, Мисара деша ваханера цуьнан кIант, динан Iилма карадерзо. Гергарчийн цхьа а шеко ца хилла цунах, Iарбойн мотт Iамийна ша аьллера Руслана. 2016-чу шарахь нене хаамбинера Руслана, ша Мисарара Иракъе дехьа а ваьлла, Мосул гIалахь сецна аьлла.

Ткъа 2017-чу шарахь цо аьлла хиллера, цхьахйолчу бусулба пачхьалкхе ваха дIаваха лууш ву ша, шен ден-ненан шена тIекхача аьтто а хуьлуьйтуш. Нанас дагалоьцу, хIетахь шен кIант даккхий ахчанаш деха волавелира аьлла. Жасанова Гульшарас бахарехь, ахчанца бала хьоьгуш хиллера уьш цу хенахь, кIанта доьху ахча цунна таса аьтто бацара церан. Шина зудчо динчу шен шина беран: кIентан а, йоьIан а суьрташ а доуьйтуш хилла Руслана, дош делла хилла ший а нус йовзуьйтур ю ша аьлла.

- Суьрташ тIехь гарца, Зубайра сох тера ю, IабдуллахIан сийна бIаьргаш ду. Цундела ас хаьттира цуьнга: "КIант, вайн къомах юй хьан ши зуда?". Ший а зуда казахех ю элира цо.  Цхьаъ Атыраускан кIоштара ю, соьга дийцарехь, - боху Жасановас.

Гергарчеран аьтто ца болу къасто, Шемара эвакуаци йиначарлахь буй-те шайн кIентан доьзал. Сих-сиха ойланаш йора ша боху нанас, хIунда вахара-те шен кIант Шема бохуш.

- Skype-хь кест-кеста къамелаш дора оха. "Со тIом беш вац. Наха дуьйцурш схьа ма леца", - олура цо соьга. Ишта хIунда нисделира -те бохуш, кест-кеста ойланашкахь хуьлу со. Тхайн доьзалехь хилларг дагалоьцу ас, барт бацара тхан хIусамехь. Даим а конфликташ, девнаш. Массо хIума кIорда а дина, тхох ведда вахча санна хета суна Руслан, - боху нанас.

2016-чу шеран Товбеца-беттан 26-чохь Актобехь лаца кхайкхийра, Шеман а, Иракъан а дуккхахйолу территореш шайн контролехь латточу "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобан декъашхо Куанов Руслан. Актобехь герзашца тIелатарш хиллачул тIаьхьа, "наха дуьйцура, уьш дайтинарг Руслан ву бохуш" дуьйцу нанас.

"Со ца тийшира оцу хабарх", - боху зудчо.

"Терроризмна пропаганда ярна" а, "террорхойн тобанехь латтарна" а, "динашлахь гамо яржорна" а бехкево Шемара цIа валийна Куанов Руслан, Актюбинск кIоштан кхело дIахьедарехь.

АЛМАГАМБЕТОВА АКМАРАЛ

1987-чу шарера йолу Алмагамбетова Акмарал лаьцна латтош ю. Иза а бехкейо "терроризмна пропаганда ярна" а, "динашлахь гамо яржорна" а. Шен цIарца ша вовзийта ца лиъначу зудчун гергарчо дийцарехь, кхаа беран нана Алмагамбетова Акмарал "2013-чу шарахь дIаяхара ГIиргIазойчу, ткъа цигара дIа – Шема а".

Иза дIаяхнийла хиъначу цуьнан цIийндас дIахьедира, шена елла иза,  цIартIера а дIайоккхур ю ша иза аьлла. Официалехь цуьнца дIакъаста лиъначу цуьнан цIийнадс 2016-чу шарахь кехат чуделира иза яйна аьлла. Кхело жоп ца делира цунна. Майрчо чуделла кехат бахьана долуш, кеп-кепарчу инстанцешка Алмагамбетован хьокъехь талламаш бинчу Актоберчу кхелахошна къаьстира, 2016-чу шеран Зазадоккху-баттахь оцу зудчунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх а долийна, иза дуьненаюкъарчу лехамашка елла хилар.

Алмагамбетован хиллачу хIусамдена хаьа, иза цIаялийний. Цунах лаьцна дийца дуьхьал хилира иза. Шен кхи зуда а, доьзал бу, Акмарало шена дина бераш даккхий хилла, уьш хьийзо ца лаьа шена элира цо.

ТОРЕХАНОВ ДАНАБЕК

Шемара Казахстане эвакуаци йинчарлахь ву 1997-чу шарера Тореханов Данабек. "Терроризм кхайкхорна" а, "терроризмна пропаганда ярна" а бехк кховдийна цуьнга. Актобена гергарчу Экшат эвлара вахархо, Тореханов Данабек Шемахь вуйла хиира 2017-чу шеран аьхка, цуьнан вежарийн а, ден а кхелан процесс йоьдучу юкъанна. "Шема дIаваха гIертачу" 12 стагна набахтехь яккха хенаш туьйхира хIетахь, Данабекан дена Маратна а, цуьнан жимахволчу шина кIантана а.

- Тореханов Маратан воккхахволу воI (цIе дага ца еара цунна) Шемахь вийна. Бухабисинчу вежаршка Жасулане а, Ержане а телефонаш еттара шолгIачу кIанта, Шема дIакхуьйкхуш уьш.

Шемахь волчу шен кIантана а, цуьнан берашна а сахьийзаш хилла да, Тореханов Марат шен ши кIант а вуьгуш, дIаваха дагахь хиллера Шема. Оцу бахьанашца 7 шо кхайкхийна цунна набахтехь даккха. Ши шо а ду цунна хан тоьхна, амма Тореханов Марат селхана санна дагавогIу суна. Цхьа миска вара иза, шен доллу дахарехь ваьцна. Шена кхелахоша дехкина бехкаш тIе ца дитира цо.

"Сан тIамца бала бацара, сайн кIентан берашна сагатделла вара со, уьш ган сатесна вара", - элира цо кхелехь. Дагара ца долу суна кхелехь цуьнан кхерамца дIасахьежар, - дагалоьцу Тореханов Маратан адвокато Есмагамбетова Нурбибис. Цо дийцарехь, Шема баха дагахь хиллера Тореханов Маратан хIусамнана а, кIентан бераш а, нуц а. Адвоката Есмагамбетова Нурбибис бахарехь, шайн цIийндайшна тIаьхьабаха дагахь хилларш, талламчаша тешаш хIиттийнера.

Цкъачунна билггал хууш дац, "Жусан" спецоперацин гурашкахь Тореханов Данабекан доьзал цIа балийна, йа ца балийна. Кху беттан 15- чохь Актоберчу талламан изолятор чу воьллина Данабек.

САБИТУЛЫ ДАУРЕН

"Жусан" лерина операци дIахьочу заманчохь Шемара Актау а валийна, цул тIаьхьа Актобехь латточу 1988-чу шарера Сабитулы Даурен бехкево "динашлахь цабезам баржорна" а, "терроризмна пропаганда ярна" а. Цунах лаьцна кхи хаамаш бац.

Бехкзуламан гIуллакхаш долийначу кхечу 16 стеган гергара нах ца карийра Азаттыкан репортерна. Къоман кхерамзаллан комитете телефонаш еттарх а аьтто ца белира цаьргара комментари эца. Лецнарш латточу Актоберчу талламан изоляторца а зIе тосийла ца хилира.

"Жусан" спецоперацин гурашкахь кху беттан 7-чуьра 9 -чу дийне кхаччалц Шемара Казахстане цIа валийна верриг а 231 меттигера вахархо. Пачхьалкхан президентан Токаев Касым-Жомартан дIахьедарна тIе а тевжина, цуьнан пресс-секретаро Iорадаккхарца, эвакуаци йинчарлахь "156 бер ду, царех 18 да-нана а доцуш ду".

Казахстанан арахьарчу гIуллакхийн вице-министро Ашикбаев Ержана хаамбина, Шемара цIа балийначех 16 стаг а, 4 зуда а террорхошца уьйрашкахь хиларца шеконашка а эцна, Нур-Султане а, Атырау а, Уральске а, Актобе а, Караганда а, Шымкенте а дIахьовсийна аьлла.

Казахстанан къоман кхерамзаллан комитетан департаментан куьйгалхочо Рахымбердиев Бакытбека дахначу кIиранах хаамбира, Шемахь кхи а 300 казах вуьсу аьлла.

Дечкен-беттан 9-чохь Казахстанан хиллачу президенто Назарбаев Нурсултана дIакхайкхийра, "Жусан" леринчу операцин гурашкахь 47 пачхьалкхан вахархо цIа верзийна аьлла. Экс-президентан дешнашца, зударий а, 30 гергга бер" а хиллера цаьрца.

Стохка Товбеца-баттахь Казахстанан къоман кхерамзаллан комитето хаамбира, Гергарчу Малхбалехь тIом баьлчахьана Шема а, Иракъе Казахстанера дIаваханарг 800 стаг ву аьлла. Оцу урхалло хаийтарца, Шемарчу а, Иракъерчу а дуьненаюкъарчу террорхойн организацешкахь 120 Казахстанера борша стаг а, 250 сов зуда а, 500 бер-кхиазхо а ду.





Губернаторы России
Москва

Собянин посетил фестиваль "Москва – на волне. Рыбная неделя"





Москва

Улыбка сделала слушателя «Юмор FM» миллионером


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Сергей Собянин поздравил москвичей с Международным днем защиты детей



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Сергей Лазарев

Певец Сергей Лазарев купил квартиру для диско-бабушки в Сыктывкаре




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Спортсмены из Химок выиграли Первенство Подмосковья по автокроссу

Певица Пелагея разделила имущество с бывшим мужем

Муж Заворотнюк дал волю эмоциям на прощании с актрисой


Сюзанн Ленглен

Матч Котова и Вавринки перенесли на корт Сюзанн Ленглен



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Тимати

«Ты кого здесь уму-разуму учить собрался? Берега не путай», — Киркоров получил претензию от Тимати



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России