Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Май
2019

"Iедалехьа ду къам массех цIарца декъадалар"

0

Черкес Лариса

1763-1864 шерашкахь Кавказан тIамехь эгнарш дагалоцу чергазаша кху беттан 21-чу дийнахь. ТIом чекхбаьлча, даймахкара тайпанашкахь, тукхамашкахь дIабахана дийна бисина нах...

МухIажирех доккхах дакъа ницкъаша даьккхира махках, я хIаллакдира. И де тезетан кепехь дIахьо Стигалкъекъа-беттан 21-чохь Адыгейхь, ГIебарта-Балкхаройчохь, Кхарачой-Чергазийчохь, иштта, шаьш бехачохь кхечу, дуьне ма-дду дIасабаьржинчу чергазаша а. Чергазийн жигархошка шайн къоман хьаштех, дика-вонех лаьцна дийцар дихира оцу денца доьзна "Кавказ.Реалиино".

"Пачхьалкхо охьатаIийна латтораш"

Вевзаш волчу чергазийн юкъархочо Яганов ИбрахIима, адыгIашкарчу хьолан балаболуш цхьа а вац, боху.

 "Пачхьалкхо охьатаIийна латтош бу цхьаболу жигархой, цу тIе, цхьанненна а ца лаьа Оьрсийчоьнца эгIа, ца лаьа, муьлш бу, хIун лоьхуш арабевлла хьийза "и тамаше чергазий" хаа.  Еккъа цхьа шовкъ хиларх тоьаш дац хьал тодалийта. "Кхеташ" пачхьалкхаш дуккха а ю, амма кхетарх ца тоьу", - аьлла хета Ягановна.

"Кавказ.Реалиига" Черкес Борэж шех алар дехначу ГIебарта-Балкхаройчуьрчу вахархочунна гарехь, дикачу агIор хийца ца делла хIумма а кху шерашкахь.

"Чергазийн байракхан де даздан дихкира ГIебартойчохь. Шаьш-шайггара, таIзар дарна а кхоьруш, хIиттийра жигархоша машенийн къовсадаларш, дихкинера чергазашна маьршша дIасабаха. Мел декъаза хила деза хьал Дуьненаюкъарчу Чергазийн Ассоциацин президента Сохроковс а бохуш хилча адыгIашка, ма язде "къам" гойтучу могIане "чергази"?, - цецвуьйлу  Черкес Борэж.

Къам ша хьалха лелийнначу цIарна буха дIагулдаларх кхоьру Iедал, "Iедалехьа ду къам массех цIарца декъадалар, хьалха а хилла, хIинца а ду ишта", - аьлла хета цунна.

Шаьш-шайн къам Iалашдар

"Кавказ.Реалиица" къамелдинчу Туркойчуьрчу "ЧеркесФед" юкъараллин куьйгалхочунна Баш Нусретна гарехь, чергазашна хьалха ши бала лаьтта. Хьалхарниг - къам дерриг а дуьнентIехула даьржина хилар. ШолгIаниг – шаьш бехачу мехкашкахь, къоман башхаллаш а юьтуш, бухарчу къаьмнех дIаэр. [Чергазашна тIехь Оьрсийчоьно геноцид латторах даредина яц цхьа пачхьалкх бен – Гуьржийчоь, 2011-гIа шо –ред.] 

"ЧеркесФедан" лидеро бахарехь, къоман ламасташ ца далийта гIерта, ненан мотт буьйцу Туркойчуьрчу чергазаша, амма дац иза тоаме.

"Тхо къийсало оцу проблемашца. Ала деза, 25 шо хьалха тхаьшна тIехь геноцид йина хилар хьахо а йиш яцара тхан, ткъа хIинца акцеш хIитто а, кхайкхамаш баржо а мега, цундела чергазашна йовза йоьлла шайн истори", - элира Баш Нусрета.

Нальчикерчу "Хабзэ" боламан куьйгалхочунна Агуей Наурузна хетарехь, карарчу хьелашкахь маьIна дац Оьрсийчоьне ша чергазашна дуьхьал гIаттийна хиллачу герноцидах даредар деха.  

"Буй пайда кхузаман хиламаш фашистийн реторикица а эбеш ехачу пачхьалкхе иза деха?" – хеттаре вуьйлу Агуей Науруз.

Цо бахарехь, тIаьххьарчу шерашкахь кхета боьлла чергазий шайна мел мехала ду къоман ламасташ, мотт Iалашбар.

"Кегийрхошна хаьа, мел оьшу шайна къоман сибатехь берзар. Бакъду, цхьаболу чергазийн жигархой – уьш советан заманара нах бу, цара ширачу кепашка ийзадо адам. Кегийрхой бу ламасташ Iалашдарца тешаме", цаьргара либерализм а, демократи а пайде ю къомо шен деза хIуманаш заманара замане дуьгучу новкъахь", - боху Агуейс.





Губернаторы России
Москва

Собянин посетил фестиваль "Москва – на волне. Рыбная неделя"





Москва

Международный день защиты детей: дети с ревматическими болезнями


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Собянин: Более трех миллионов человек посетили фестиваль «Москва на волне. Рыбная неделя»



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Queen

Sony Music хочет закупиться Queen, а PayPal анонсировала рекламную платформу — обзор новостей в зарубежных СМИ




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Дептранс Москвы раскрыл детали инцидента на станции метро "Спортивная"

Певица Пелагея разделила имущество с бывшим мужем

Спортсмены из Химок выиграли Первенство Подмосковья по автокроссу


Елена Рыбакина

Прямая трансляция матча Елены Рыбакиной против экс-первой ракетки мира на «Ролан Гаррос»



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


Москва

Eurasianet: Азербайджан публично и цинично уничтожает армянское культурное и историческое наследие в Нагорном Карабахе



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России