Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Август
2019

Новости за 23.08.2019

Европехь даккхийчерах маьждиг схьадиллина Шелахь

Radiomarsho.com 

Шелахь динчу "Бусалбанан дозалла" маьждигана чутарвала аьтто бу 30 эзар ламазе веана стаг. Цул сов, ламаз дан веана 70 эзар гергга стаг дIахIотталур ву гонахарчу майданашкахь. Шелара маьждиг дина кIайн шагатӀулг буьллуш, дашоца кечдеш.

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (23.08.2019)

Radiomarsho.com 

Оьрсийн эскархо вийна Нохчийчохь, Краснодарехь герз диттинарш лецна, 5 нохчо дIахецна Къилба ХIирийчохь. (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а)

ЦIе яьлла зуда а, цуьнан йоI а кхелхина Дагестанехь

Radiomarsho.com 

Бохам хилла кху беттан 22-хь Дагестанан Цунтин кIоштарчу Хупри эвлахь. Цигахь хIусамех цIе яьлла кхелхина зуда а, цуьнан 15 шо долу йоI а. Меттигерчу орцаллан министраллан векалша бинчу хаамца, даьгнарг ду 2 цIа. ЦIе яларан бахьана хууш дац. Меттигерчу бахархоша дийцарехь, хIусамаш яяьгна, юхаметтахIотталур йоцуш. Дийцарехь, бохам хиларан бахьана хила мега, тоькан серий тиша хилар.

Шен йоIана ахча даларна 15 шо хан

Radiomarsho.com 

Кхарачойн-Чергазийчуьра 46 шо долу Чотчаева Фатима бехкейо терроризмна ахчанаш латторна. "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойх дIакхеттачу шен цIийндена Суюнчев Рустамна тIаьхьа Шема дIаяхна хилла цуьнан йоI Зульфия 2015-чу шарахь. Оцу хенахь тIемаш боьлхучу Иракъехь хилла Фатимин нана а, шен доьзалца цуьнан ваша а. Гергарчаьрга царех хаам боцу кхо шо сов зама ю, уьш дийна хир бац аьлла, хета царна. 2017-чу шеран Лахьан-баттахь Дуьненаюкъарчу ЦIе жаIар организацино тептар вовшахтуьйхира, Иракъерчу... Читать дальше...

Некъабохамехь 2 стаг вийна Устрада-гIалахь

Radiomarsho.com 

Устрада-гIалахь еарийн сарахь ши стаг вийна некъабохамехь. Иза хилла Устрада-гIалара Гуьмсе боьдучу некъан тIехь. ТIеттIакхетта Гуьмсе боьдучу некъаца йогIу "Тойота" а коьртанза болчу некъатIера трассана тIе йолу "Лада-Приора". И бахьана долуш машенашна урхалла деш хилла ши а стаг вийна. Царах цхьаъ ву Гуьмсан кIоштара вахархо, важа - Устрада-гIалара.

"Дуьненаюкъарчу банданийн вовшахкхетараллаш йохийна 20 шо кхачар"" мидал кхоьллина Дагестанехь

Radiomarsho.com 

Дагестанехь кхоьллина "Дуьненаюкъарчу банданийн вовшахкхетараллаш йохийна 20 шо кхачар" ("20 лет разгрома международных бандформирований") гIовгIане цIе йолу мидал. Цу хьокъехь омра дина меттигерчу куьйгалхочо Васильев Владимира. И документ арахецна республикан куьйгалхочун сайта тIехь, яздо "Кавказ.Реалиино". Цу кехатца а догIуш, мидал лур ю Iедалша омра делла леллачу Дагестанерчу "самооборона" олучу тобанийн декъашхошна а, эскархошна а, ницкъаллин структурийн белхахошна а, меттигерчу Iедалан векалшна а... Читать дальше...

Кадыровн сакхт?

Radiomarsho.com 

Республика секторшка екъна ша аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Шен уллорчу гонера нах хIиттийна цо куьйгалле.

Европехь даккхийчерах маьждиг схьаделларца Путина декъалбина Нохчийчьура бахархой

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира декъалбина Нохчийчуьра бахархой Европехь даккхийчерех маьждиг Шелахь схьаделларца. Декъалбаран текст тIехь йолу телеграмма дIаешна маьждиг схьадоьллуш хиллачу церемонехь Къилбаседа Кавказан федералан гонехь волчу президентан векло Матовников Александара, хаам бо РИА Новости агенталло.  "Цу маьждиго гIо дийр хиларх тешна ву со адамаш, къаьсттина кегийрхой, дайн а, дедайн а историна а, динан ламасташна а юкъадалорна а, вайн юкъараллехь машар а, барт а чIагIбарна а" – аьлла ду Путинан декъалбарехь. Читать дальше...



Краснодарехь герз деттаран декъашхой лецна Сочехь

Radiomarsho.com 

Сочехь еарин дийнахь лецна кху беттан 20-хь Краснодар гIалан юккъехь герзаш деттарна лоьхучу нахах 5 стаг. Цунах лаьцна хаам бо "Интерфаксо". Болчу хаамца, 23 шо долу Дагестанан вахархо а вуьш, хиллачу инцидентехь дакъалацарна лехамашка велла хилла вежарий ТурашовгIара 28 шо долу Руслан а, 25 шо долу Мурад а, кхин а маситта стаг. Еарин дийнахь царах 5 лаьцна Сочехь Адлеран кIоштахь. "Интерфаксо" билгалдоккху цара дуьхьало йина ца хилар низамаш лардон органашна. Болчу хаамца, царах цхьаъ ву Нохчийчоьнан вахархо. Читать дальше...

Муха къийсам латта бо Кавказехь "Лирика" молханашца

Radiomarsho.com 

Травматикан герзаш а детташ, тасадаларш хилла кху деношкахь Несарахь. БархIанна кеп-кепара чевнаш йина. Оцу инцидентехь яьккхина видео маса дIасаяржийра социалан машаншкахь."Антилирика06назрань" волонтерийн боламна бевзаш боцчу наха дина тIелатар ду бохуш, хаамбо меттигерчу бахархоша.

Къилба ХIирийчохь лецначех 5 нохчо маьршаваьккхина

Radiomarsho.com 

Къилба ХIирийчохь милцоша лаьцначу 6 нохчочух 5 маьршаваьккхина Iедалша. Цунах лаьцна хаам бина, Маршо Радиога Цхинвлерчу хьастано. Болчу хаамца, 6-на 15 де-буьйса хан тоьхна кхело талламан изоляторехь яккха Маршо Радионо хаам бина ма хиллара, ша йозуш йоцу пачхьалкх хилар дIакхайкхийначу Къилба ХIирийчоьнан милицин белхахоша кхо де хьалха лаьцнера Нохчийчуьра 6 вахархо, Цуьнах лаьцна хаам бинера цу республикерчу "Кавказ.Реалиин" корреспонденто. Меттигерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бинчу хаамца... Читать дальше...

Мина иккхина Оьрсийчоьнан десантхо вийна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь мини тIехь иккхина Оьрсийчоьнан 22 шо долу эскархо. Иза ву Псковерчу 76 гвардин десантхойн дивизехь контрактаца гIуллакх деш хилла Безельт Михаил, хаам бо «URA.RU» зорбанан гIирсо. Болчу хаамца, иза командировке хьажийна хилла Нохчийчу. Кху беттан 21-хь, когашна кIеллахь мина а иккхина, гайх гериг кхетта хилла эскархочунна. Безельтан зудчо дийцарехь, цул тIаьхьа иза ваьхна кхин а 40 минотехь. Цо бинчу хаамца, десантхо дIакхачийна хилла хIоспитале, делахь а иза велла лоьраш гIо дан кхиале. Читать дальше...

ДегIаца - оьздангалла, хелхарца - яхь

Radiomarsho.com 

ТIемаша хьийзийна мохк серлоне гIерта тахана. РогIера чкъор мукъане а дахаран шовкъе дерзо гIерта бакхийнаш. Ткъа хIун хир ду хелхарал а хьалха дегнаш серладохург?! Маршо Радион фотокорреспондентна Садулаев Мусана иштта гира Соьлж-ГIаларчу хелхаран хIусамерчу берийн яххьаш, церан лелар. ТIемаша хьийзийна мохк серлоне гIерта тахана. РогIера чкъор мукъане а дахаран шовкъе дерзо гIерта бакхийнаш. Ткъа хIун хир ду хелхарал а хьалха дегнаш серладохург?! Маршо Радион фотокорреспондентна Садулаев Мусана... Читать дальше...




Губернаторы России
103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media


103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости




Спорт в России и мире



Новости Крыма на Sevpoisk.ru



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России