Мы в Telegram
Добавить новость
103news.com
World News in Chechen
Август
2019

Новости за 02.08.2019

"исламан пачхьалкхана" ахча гулдарна чувоьллина Дагестанан вахархо

Radiomarsho.com 

Ростох Къилбаседа Кавказан тIеман кхело 17 шаранна колоне хьажийна Дагестанан вахархо Шайхвалиев Керим. Иза бехке лаьрра "Исламан пачхьалкх" тIеман тобанна ахча гулдарна. Цунах лаьцнна хаам бина цу суьдан векало, хаам бо Кавказ.Реалиино". Талламан версица, 2016-чу шарахь Мангалан-баттахь Шайхвалиевс сацам бина "Исламан пачхьалкхана" ахча лахьо. Дукха хан ялале цо Telegram-хь кхайкхам бина шен банкерчу чоьтана тIе ахчанаш дахка аьлла. Дерриг а Шайхвалиевс гулдина 117 000 сом. Цуьнан 55 000 сом дIадахьийтина... Читать дальше...

" Оха цхьа а ца во республикера дIаваха декхаре"

Radiomarsho.com 

Филиппович Екатерина Нохчийчоьнан пачхьалкхан "Грозный" телерадиокомпанин директорца Дудаев Ахьмадца къамел хилира "Кавказ.Реалиин". Цо дийцира, муха, стенна Iедалан телеканале а даладой,  "кхетам ло" берашна, хIун пайда бохьу оцу кепо. Дагайоуьйту массех де хьалха телеканалехула 16 шо долчу кIанте ша Instagram-ехула Iедалх вон дош аларх къаронаш яйтар.  Ахматов Мохьмад вара "бехкала ваханарг" – цо велха а воьлхуш, къинтIерадовлар дийхира, бохура шена машанехь кIон комментареш язъян хьехнарш "Европе а, Шема дIабахана болу нах бу". Читать дальше...



Шемара а, Иракъера а шайн нах цIебарзо гIерта гIиргIазойн жигархой

Radiomarsho.com 

Иракъера а, Шемара а 150 зуда а, бер а цIадерзо дагахь Iалашо тIелаьцна ГIиргIазойчуьрчу волонтераша. Шайн махкахой тIемаш боьлхучу меттигашкара даймахка берзорехь гIодан кийча бу гIиргIазой. Шемара а, Иракъера а зударий а, бераш а цIадалош ен йолу некъан харж а шайна тIелаьцна инициативан тобан декъашхоша. Iедалхоша шайн агIо лоцур ю аьлла, догйовха бу уьш, амма цкъачунна хьаькамаша цхьана а кепара жоп делла дац царна. "Шен нах дIатосуш ца хуьлу" – оцу дешнашца дIайолийна Гезгамашин-баттахь Иракъерчу куьпара 150 зуда а... Читать дальше...

Кхаъ эцарна лаьцна ХIирийчоьнан лоьрийн академин проректор

Radiomarsho.com 

200 эзар сом кхаъ эцарна лаьцна ХIирийчоьнан лоьрийн академин проректор Цховребов Алан. Цунах лаьцна хаам бина Кавказ.Реалиига цу республикан низамашлардочу ораганашкарчу хьастанаша. Медицинан Iилманан кандидат, доцент Цховребов сийлаллин кехаташ делла ву Iедалша дика болх барна. Владикавказан гIалин гуламан харжамашкахь дакъалоцуш ву иза "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин цIарх.

Царнаев кестта вуьйр вац, боху Iамеркерчу юристо

Radiomarsho.com 

Бостонерчу марафонехь, адамаш а дойуш, лелхийтарш дина Царнаев ЖовхIар, кестта вуьйр ву аьлла ца хета Iамеркерчу юристана, федералан тIегIанан зулам дина зуламхо вен кхачор Iамеркехь юхаметтахIоттийнехь а. Цу тайпа ойла йолуш ву Marks & Sokolov юридикан фирман партнер, Пенсильвания шататан цIарх сенатор хилла Маркс Брюс. Хьалхо президентан Трамп Доналдан администрацино дIахьедар динера, дуккха а шераш девллачул тIаьхьа федералан тIегIанера зуламхо вен кхачор юхадолор ду махкахь аьлла. "Аппеляцин процесс тидаме эцча... Читать дальше...

Кхана хин долучух бIобулуш бац 33,8% Нохчийчоьнан бахархой

Radiomarsho.com 

Кхана хин долучух бIобулуш бац Къилбаседа Кавказехь ах гергга бахархой. Иза гойтуш бу "Къилбаседа Кавказ" олучу регионашна юкъара юкъараллийн цхьацца гIуллакхаш дӀадолорон центро бина таллам. Цу талламехь дакъалаьцна 3500 вахархочо, хаам бо "Интерфакс-Юг" агенталло. "Кхана хин долучух бIобулуш дуй шу?" хаттарна "дац" аьлла жоп делла 41,1% респонденто. Талламо гайтина цу тайпа нах уггар дукха хилар Дагестанехь (77,6% дакъалаьцначу бахархойх). Лакхара ду и терахь ХIирийчохь - 69,4% , Кхарачой-Чергазийчохь а - 57%, ГIалгIайчохь а - 40,8%. Читать дальше...

5 стаг вийна некъахьвзамехь Ставрополан махкахь

Radiomarsho.com 

Адамаш а дойуш, некъахьовзам хилла Марсхьокху-беттан 2-хь Ставрополан махкахь, хаам бо ТАСС агенталло. Дуьхь-дуьхьал кхетта некъахойн автобус а, киралелон машен а. И бахьана долуш вийна 5 стаг, 14 чевнаш йина ву. Цкъачунна йолчу версица, наб кхетта хиллачух тера ду 59 шо долу автобус лелорхочунна. Иза велла. Болчу хаамца, карарчу хенахь Апанасенски кIоштан дарбанан цIийнехь реанимацехь ву 3 стаг. Церан хьал кхин вочу агIор хийцаделла дац. Бисинарш охьабехкина бу дарбанан хIусаман берийн хирургин декъе.

ГIурбан де билгалдаьккхина Нохчийчоьнан муфтийс

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа бинчу хаамца, Зуль-Хьиджа олу беза бутт болалуш бу кху шарахь Марсхьокху-беттан 2-чу дийнахь. Цо дийцарехь, Iарафа де хир ду кху беттан 10-хь. Нохчийчоьнан муфтийс дIакхайкхина ГIурбан де кху Марсхьокху-беттан 11-хь хир ду аьлла (10-гIа Зуль-Хьиджа). ГIурбан де вуно коьртачу дезаденойх цхьаъ ду Исламехь.

Израилан антитерроран штабо бинчу сацамна реза вац Кадыров

Radiomarsho.com 

Израилан терроризмаца къийсам латторан штабо цIечу тегIане яьккхина Нохчийчоь, цига бахар шайн махкахошна вуно кхераме хилар гойтуш. Цунна реза воцучу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана цу хькъехь дIахьедар дина, и сацам цхьа а доцург ду аьлла. Цо дехар дина цу документан авторе, Нохчийчохь йолчу цхьана терроран тобан мукъане а цIе яккха аьлла.   Кадыровс Нохчийчу кхайкхина Израилан терроризмаца къийсам латторан штабан векалш, республикерчу хьолана мах хадо. Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен дIахьедарехь билгалдаьккхина... Читать дальше...



Москва

В Петербурге и Москве появятся аналоги советских «Березок»


Губернаторы России

103news.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.

Moscow.media
Москва

Сергей Собянин. Главное за день



103news.comмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "103 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. 103news.com — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

103news.com — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.

Музыкальные новости

Фёдор Шаляпин

Наследие Шаляпина и Рахманинова представили на выставке-форуме «Россия»




Спорт в России и мире

Алексей Смирнов – актер, которого, надеюсь, еще не забыли

Прощание «Спартака» с Джикией, «Зенит» в гонке за чемпионство. Итоги игрового дня РПЛ

В полуфинале конкурса «Это у нас семейное» в ЦФО победили 74 семьи

"Спартак" обыграл "Рубин" со счетом 3:1


WTA

Соболенко проиграла Свентек в финале турнира WTA-1000 в Риме



Новости Крыма на Sevpoisk.ru


#123ru.net

РОССИЯ И КИТАЙ: В МИРЕ ВОЗМОЖНА ГЕГЕМОНИЯ ЛИШЬ ИНТЕРЕСА НАРОДА, ЗАКОНА, ИСТИНЫ И СПРАВЕДЛИВОСТИ.



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России