Нохчийчуьрчу муфтиято бакъо елла меттигерчу яхархочунна шен бераш ган, амма мукъаденошкахь
33 шо долчу Сосуркаева Лианин бераш дехошца дуьтуш, мукъаденошкахь бен нанна тIе а ца бохуьйтуш, сацам бина Нохчийчуьрчу шарIан кхело. Нохчийн Iадаташна тIетевжина ша аьлла мехкан муфтийс Межиев Салахьа, хьесап дечу хенахь. Шоьтан а, кIиранан а деношна бераш, нагахь санна, царна лаахь, нана йолчу дахийта чIагIо йина Лианин хиллачу марвашас. Иштта, цо тIедожийна Сосуркаевана, бархI шо долчу Рахьманан а, исс шо долчу Ясминин а кехаташ шега схьадалар. Регионера цо уьш арадохург цахиларан гаранти еза шена аьлла цо. Читать дальше...