Кадыровн хьолах а, цуьнан зударех а лаьцна талламаш бинчу "Проектан" сайте волийла дихкина Роскомнадзоро
Оьрсийчуьрчу бахархошна дихкина "Проект" гIирсан сайте бовлар Роскомнадзоро. Инарла прокуратурин тIедиллар кхочушдарца бина и сацам, яздо оьрсийнСвобода Радионо. Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран гонех лаьцна бина талламаш шайн материалашкахь Iорабохура оцу хаамийн гIирсо. Оьрсийчохь оьшуш йоцчу организацех дIатуьйхира "Проект", цул тIаьхьа редакцино дIахьедира, шаьш болх сацорах. "Проект" кхоьллинера 2018-чу шарахь РБК-н а, "Дождь" телеканалан а редакторо Баданин Романа. Цхьа могIа резонансе талламаш арахийцира "Проекто". Читать дальше...