Басаевн тобанхойн декъашхо ву бохучун гIуллакх кхеле кхачийна
Герзашца лелийначу бунтехь дакъа а лаьцна, ницкъахошна тIелатарш а дина аьлла, бехкевинчу Раззаков Хафизан гIуллакхехула талламаш бар дерзийна Къилбаседа Кавказан федералан гонашкахула йолчу Талламан комитетан Коьртачу урхалло. Талламан версица, 2000-чу шарахь Басаевс а, Хаттаба а буьйралла дечу тобанан декъехь хилла ву Раззаков, Зазадокху-беттан 29-чохь Веданан-кIоштарчу Джани-Веданахь бунт айъина, Пермерчу ОМОН-н белхахошна а, Нохчийчуьрчу тIеман комендатурин эскархошна а тIелетта иза. Оцу хенахь вийна 43 ницкъаллин структурийн белхахо... Читать дальше...