Югрехь лаьцначу дагестанхочо латкъамбина, нохчийн диаспоро кхерамаш туьйсу шена аьлла
Нижневартовскехь лаьцначу Дагестанерчу вахархочо Ильясханов Артура латкъамбина, нохчийн диаспоро кхерамаш туьйсу шена аьлла – административан гIуллакхехула чохь даккха 15 дей-буьйсий тоьхна цунна, меттигерчу туьканахь, нохчо ву ша аьлла, харцахьа леларна. Дагестане цIа ваха лууш вара ша, амма кхоьру, лаца а лаьцна, Нохчийчу дIавигарна аьлла, дIахьедина Ильясхановс. Цо тIечIагIдина, "нохчийн диаспоран векалшкара" кхерамаш кхочу шега аьлла. Ильясхановн бакъоларъяран органашца хилла къамел зорбане даьккхина меттигерчу Neft гIирсо. Читать дальше...