Лакхарчу кхелехь шен гIуллакх къовса ницкъ ца кхаьчна нохчийн криминалан авторитетан
"Иерархехь лаккхарчу хьолехь лелла ву" аьллачу статьяца жоьпе озийна вара Нохчийчуьра криминалан авторитет Салтаханов Бай-Iела. Шен гIуллакх хьокъехь кхело бинчу сацамна реза вац иза. ГIуллакх кхеле йухадерзор доьхуш цо дина дехар, ца магош, дитна. Кхело сацам зазадоккху-беттан йуьххьехь бинера. Амма суьдан сайтехь хIинцца бен гучу ца баьлла. Салтаханов Бай-Iелин бехке диллинарг - низамехь волу къолахо (Домбаев) Шалинский Ахьмада шен лаамца дIа а хIоттийна, лелла хилар. Криминалан тобанаш йуккъера девнаш къастош... Читать дальше...