Нохчийчуьра гей Арсамиков Идрис дийна ву - хаам бина бакъонашларйархоша
Баттахь гергга карош ца хилла Iедалхоша лачкъийна Нохчийчуьра гей Арсамиков Идриса дийна ву - хаам бина СК SOS кризис-тобано. Бакъонашларйархоша дийцарехь, Арсамиков луьрачу Iуналлехь латтош волчух тера ду. Амма телефон цунна магийна - иштта кхехьийтира цо кризис -тобанхойн телеграм-чате шен суьрташ а, хаамаш а. Нохчийчуьрчу Iедалхойн кIадбалар санна лору шаьш и хилам боху СК SOS белхалоша. "Йукъаралла шайна тIелатаран градус лахйан лерина" лелаш бу уьш. Арсамиковна кхерамзалла йоьхуш йаржийначу петицешна реакци йу хIара. Читать дальше...