Išta yazdiča muхa хůlu?
Кириллик бен лелош яц хIирийн йозанехь. Оьрсийн элпаш доцурш, "цIена" шайн, хIирийн, элпаш а ду таханлерчу графикехь – масала, оьрсийн "э" санна хезаш долу "æ".
Дуьххьара дац, хIирийн маттаца латинан элпаш лелор тоьлу, кириллик лелочул, боху лингвисташ бовлар. 1923-чу шарера 1938 шаре кхаччалц лаьттина хIирийн йозанехь латинан абат. Амма тахана латинан элпаш лелош бац хIирийн маттаца богIу цхьа а мотт.
Геннара гергарло
"ХIирийн маттана мелла а герга бу Таджикистанехь дехачу ягноби къоман мотт (ГIажаройчоьнан малхбалера бу ягнобийн а, хIирийн а меттанийн бух). Шина а къоман меттанаша лелайо кириллик, ягнобашна иза кхоьллина дац бIе шо а", - дуьйцу Къилбаседа ХIирийчоьнан университетан хIирийн филологин факультетан декано Кудзоева Анжелас.
Латиницах дерг аьлча, иза шатайпанарчу кепехь (хийцина элпаш, я элпех тоьхна цхьацца хьаьркаш а йолуш) лелайо курдийн а, зазакийн а меттанашкахь – и ший а мотт бу туркойн-азербайджанхойн меттанийн Iаткъамна кIел, боху Кудзоевас.
Цо дийцарехь, "латинан абат, шена йогIуш яцахь а, цхьана хенахь лелийна таджикийн матто а. "Оьрсийн маттах генабовла гIерта ца оьшу хIирашна. Ала дашна, таханлерчу Оьрсийчохь ши къам бен дац хIиндойн-европахойн халкъех – хIирий а, оьрсий а. Генетикан гергарло го суна оцу шина къоманна юкъахь", - элира хIирийн филолого.
Цхьаццаболчу интернет-машанашкахь, масала, Telegram-каналашкахь, Instagram-аккаунташкахь язбо хIирийн мотт латинан элпашца. Иза ду цхьаболчу кегийрхошна шайна тIе нехан тидам берзо лаар, аьлла хета "Иудзинад" юкъараллин лидерна Кучиев Батразна.
"Хала ду церан йозанаш деша. Мотт Iалашбар дуьйцуш вай делахь, тахана болчу хьолехь иза ларбар ду вайна тIехь. Дика ду, кхаьжнаш а тесна, довлу вай латинан абате. ХIун хийцалур ду? Стенна оьшу хьашт доцург лелон? Яц иза цхьа а патриотизм. Язде шена луучо латинан абатца а. Стенна гIерта селханене?" - цецвуьйлу Кучиев.
Махкахь дукха а боцчу хIирийн маттахь яздечу журналистех ву Кулов Юрий. Иза а ву графика латинан элпашка ерзорна дуьхьал.
"Ца бо кириллико хIирашна шайн мотт Iамо аьтто? Дика ду, яцйо вай абат шина-кхаа элпанна - хIун хийцало? Кхидерг ца дийцича, экономиках а ма хьакхалой иза – оьшу керла Iаманташ, хьукматаш яха еза керлачу йозанашна тIе...", - боху Куловс.
Цунна хетарехь, абат хуьйцучу шерашкахь массо а хIири Iийр ву яздан а ца хууш. "Оьрсийн мотт лелачу дуьненан декъа тIехь дехаш ма дуй вай. Стенна ца мега вайна кириллик?" – хоьтту хIирийн журналисто.
Паччахьан Iедална букъ тухуш
Хирийн меттан йоза латинан элпашка дерзорехьа болчу наха шайн лаам политиках бузу.
"Кириллик ассимиляцин гIирс бу, пачхьалкхерчу бахархойх оьрсийн мотт буьйцу цхьа халкъ дан гIертачийн гIирс бу, ткъа латинан абат – иза къоман билгало чIагIъеш болу, сепаратизман (ала а кхераме ду и дош) гIирс бу, боху цхьаболучара. Харц яц цхьа а агIо. Хетарехь, Луначарский ву бIе шо гергга хьалха кирилликан метта латинан абат тIечIагъяйтинарг. Оьрсийчоьнан паччхьахьан тIаьхьалонах кегий къаьмнаш генадохуш дина цо иза. Вай ца боху цхьаннех а херло, амма вешан графика кхолларца къоман дозанаш билгалдаха-м дезара", - яздо блогеро Хоранов Алихана.
Делахь а, меттан говзанчашна хетарг кхин ду: филологин маьIнехь хьаьжча, латинан абат юхаялоро эшам бийр ду.
"Проблема йийцареечарна юкъахь хIирийн меттан филологица уьйр йогIуш стагга а ца карийна суна. Латинан абатехьа лаьттачарна, ас тергалбиначарна, шайна а ца хаьа хIирийн маттахь я яздан а, я книгаш еша а", - билгалдоккху Кудзоевас. Цо чIагIдарехь, хIирийн фонемаш ерраш дIа ца гайтало латинан элпашка - тIехула, бухаххула цхьацца хьаркаш яхка езар ю. Стенна хуьйцу, цхьа хийцам ца хилча ца Iалушший?" – хеттаре юйьлу хьехархо-филолог.
2018-чу шарахь Казахстан яьлла латинан элпашка. Кирилликах казахаш дIакъастош, президента Назарбаев Нурсултана элира, иза оьшу "21-чу бIешеран технологийн, коммуникацийн, Iилманийн, дешаран бухца" дахар дIатардархьама.
