Маршо Радион тIаьххьара керланаш
ГРУ-н хилла эскархо вийна Москох гергахь хиллачу девнехь; хIума яарехь барамехь хиларе кхайкхина Кадыровс Оьрсийчуьрчу бахархошка; Нохчийчохь газах декхар дитина боху хаамаш харцбар доьху суьдхочо.

ГРУ-н хилла эскархо вийна Москох гергахь хиллачу девнехь; хIума яарехь барамехь хиларе кхайкхина Кадыровс Оьрсийчуьрчу бахархошка; Нохчийчохь газах декхар дитина боху хаамаш харцбар доьху суьдхочо.
Марха достучу деношкахь хила езаш йолу ЕГЭ олу пачхьалкхан экзаменаш дIаялар тIаьхьатеттина Нохчийчохь а, Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а. Уьш хир ю Мангалан-бутт чекхболуш. Цунах лаьцна хаам бо ТАСС агенталло. Дицарехь, цу хьокъехь Рособранадзор урхалан куьйгалхочуьнга Кравцов Сергейга дехар дина хилла Дагестанан дешаран министралло. Бинчу сацамца, Мангалан-баттахь 6,7 деношкахь хила еза экзаменаш хир ю кху беттан 27,28 деношкахь. Иштта тIаьхьатеттина 9-чу классашкарчу дешархоша дIаяла еза ОГЭ экзаменаш а. Читать дальше...
Талламхоша къастийна Подмосковьехь, ГРУ-н хилла эскархо Белянкин Никита а вуьйш, хиллачу вовшахлатарехь дакъалоцурш муьлш хилла. Цунах лаьцна хаам бина РИА Новости агенталло, Москох кIоштан талламан комитетан векалшна тIе а тевжаш. Талламхоша цхьацца хIуманаш а, бедарш а дIаяьхьна хилларг толлуш оьшуш йолу. Карарчу хенахь уьш толлуш бу видеокамераша дIаяздинарг. Хьалхо хаам бина ма хиллара, талламан комитето бехктакхаман гIуллакх долийна Москох гергахь Путилково эвлахь хиллачу вовшахлатарехь, хилла волу эскархо вер хьокъехь. Читать дальше...
Йоза латинан элпашка даккхарна гонах къийсамаш лаьтта хIирашлахь Кириллик бен лелош яц хIирийн йозанехь. Оьрсийн элпаш доцурш, "цIена" шайн, хIирийн, элпаш а ду таханлерчу графикехь – масала, оьрсийн "э" санна хезаш долу "æ". Дуьххьара дац, хIирийн маттаца латинан элпаш лелор тоьлу, кириллик лелочул, боху лингвисташ бовлар. 1923-чу шарера 1938 шаре кхаччалц лаьттина хIирийн йозанехь латинан абат. Амма тахана латинан элпаш лелош бац хIирийн маттаца богIу цхьа а мотт. Геннара гергарло "ХIирийн... Читать дальше...
Австрин шахьарахь Венехь меттигерчу жигархоша, доккхачу декъанна бухарчу бахархоша, шаьш кхайкхийначаьрга церан дин а ца хоьттуш, Ифтар хIоттийра. "Тхо дуьхьал ду бусалба мухIажиршна депортаци яйта!" аьлла дара жигархоша сагIина бухадиллина маьIна. Инсбрукерчу университетан хьехархочо Деллингер Фаннис дуьйцу шайн Iалашонах лаьцна.
Талламан комитето бехктакхаман гIуллакх долийна Москох гергахь Путилково эвлахь хиллачу вовшахлатарехь, хилла волу эскархо вер хьокъехь. Цунах лаьцна хаам Талламан комитетан сайто. Дийцарехь, ГРУ-н лерринчу тобанехь гIуллакх деш хилла ефрейтор Белянкин Никита тIехIоьттина ша вехачу хIусамана генайоццуш йолчу кафена уллехь маситтам еттачу стагана. Иза бахьана долуш урс кхетта оццу меттехь велла иза. Вийначун доттагIехь цхьаммо дийцина ТАСС агенталле, 10 бутт хьалха Белянкинан контракт чекхяьллера тIеман министраллаца... Читать дальше...
ТIедогIу белхан кIира доца хир ду, Мангалан-беттан 12-чохь Оьрсийчоьнан Де даздеш хиларна. Даздар нисделла кхаарин дийнахь, цундела цхьаьнаметта кхаа дийнахь садаIар нислур дац кху шарахь. «Российская газето», Росдтруд министраллан тIе а тевжаш, хаам бина, Мангалан-беттан 11-чохь белхан де дацдийр ду цхьана сохьтана аьлла. Цу кепара Мангалан-баттахь хир ду 19 белхан а, 11 мукъа а де. Хьалхо Мангалан-беттан 4,5,6-гIа мукъа денош кхайкхийра Нохчийчохь, Мархийн бутт чекхбаларца доьзна. Цу хьокъехь указ арахийцира... Читать дальше...
Нохчийчохь Гелдаганан юьртара 28 шо долу вахархо къола дарна къера хиларх лаьцна кехаташ кхаьчна Куршлойн кIоштарчу полице, хаам бо Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан зорбан сервисо. Цу стага мукъарло дина де хьалха Куршлойн-Эвлахь ша 4 эзар сом лачкъийна хиларх лаьцна, Хумык хинан бердана уллехь Iуьллучу кучан кисанара. Полицин талламхоша шайна т1еван декъарелахь вина зулам динарг.
Мамедов Максим Путин Владимирал а дукха ахча доккху Ставрополерчу депутаташа Бутт хьалха Оьрсийчоьнан куьйгалхочо, премьеро, министрийн кабинетан декъашхоша, Пачхьалкхан Думин депутаташа декларацешца бовзийтина шайн бахамаш, 2018-чу шарахь тIекхиина хьал. Ткъа Стигалкъекъа-баттахь оцу масалан лорах шайн декларацеш арахийцира регионашкарчу хьаькамаша. Хьал а, ахча-бохча а алсамо ду Москох бехачу хьакьамийн. Амма бу Ставрополехь шайн таронаш Путинанчул дика ю ала йиш йолу депутаташ а (кхеташ ду, официалерчу терахьашца). Читать дальше...
Iамеркан президенто Трамп Доналда кхайкхам бина Оьрсийчоьнан а, Шеман а, ГIажарийчоьнан а Iедалшка, Идлиб провинцехь бомбанаш етташ маьрша бахархой байар сацаде аьлла. "Оьрсийчоь а, Шема а, мелла а кIезиг ГIажарийчоь а Шемарчу Идлибана бомбанаш етташ ю, цхьа стаг а ца къастош, бехк боцу маьрша бахархой а бойуш. Дуьне хьоьжуш ду цу нах байаре. Iалашо хIун ю, хIун лур ду цо? Совца!", - яздина Iамеркан президенто Твиттерерчу шен агIонехь. Идлиб провинци ю Туркойчоьнан дозанца. Иза тIаьххьара меттиг... Читать дальше...
КIирандийнахь аьхначу кхачанан де даздеш, хIума яарехь барамехь хила аьлла, хьехар дина Оьрсийчуьрчу бахархошна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "Дера, массара а дуьйца тIех сов дилха дилларо а, химикаташ йиттина хIума дукха яаро а дохьучу зенах лаьцна. Мангал-беттан хьалхарчу кIирандийнахь йина ца Iаш, ахьначу кхачанах лаьцна ойла ян еза шеран 365 дийнахь, Iуьйранна сарралц, сарахь сахиллалц,", - яздина цо шен Telegram-каналехь. Кадыровс дагадаийтина, Дела элчано тIедиллина хилар, хIума яарехь барамехь хилар... Читать дальше...
Соьлж-ГIалан Заводан кIоштан кхелан 70 шаре ваьллачу суьдхочо Дауркин Игора 17 латкъам хьажийна суьдашка тайп-тайпанчу Оьрсийчуьрчу зорбанан сервисаша шен сий а, балхаца йоьзна нахалахь йоккху цӀе а бехъярца боьзна. Цунах лаьцна яздо "Новая газето". Цу зорбанан гIирсаша шайн агIонашна тIехь баржийнера «Коммерсантъ» газето арахецна «Нохчийчоьнах масал а эцна, шайна газах декхар дитар доьха регионаша" цIе йолчу материлера Нохчийчуьрчу бахархошна 9 миллиард сом газах декхар дита сацам бинарг Дауркин вара аьлла хаам. Читать дальше...
Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).
103news.com — живые новости в прямом эфире!
В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.
Музыкальные новости