ТIекIелдинчу цIийнан 12-чу тIегIантIера чуйоьжна зуда елла Соьлж-ГIалахь
ТIекIелдинчу цIийнан 12-чу тIегIантIера чуйоьжна зуда елла Соьлж-ГIалахь. И бохам хилла дIабаханчу-беттан 25-чохь, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло.
Шинарин дийнахь зорбанан гIирсаша хаам баржийнера, Соьлж-ГIалахь некъахьовзамехь елла зуда, бехк шайна тIера дIабаккхар Iалашонца кхалхаран бахьана хьулдан муьлш бу ца хуучу наха иза тIекъелдинчу цIийнан корехула чукхоьссина хилла аьлла.
И бахьана долуш бинчу таллмо гайтина, Серноводскера яхархо 56 шо долу Хакимова Байсет чуйоьжна хилар, Соьлж-ГIалан Октябран кIоштIахь тIекIелдинчу цIийнан 12-чу тIегIанан корехула, хаам бо чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан зорбанан сервисо. Оццу хаамца, зобанан гIирсаша хилла бохуш буьйцу, адам а дуьйш, некъахьовзам Соьлж-ГIалахь хилла бац Стигалкъекъа-беттан 24-чохь.
Таллам беш гулйинчу материалашна юкъахь ю терго ечу камераша дIаязйина видео, зуда цу цIийнан чугӀойлина тIе йоьдуш а, цул тIаьхьа 10-15 минот яьлча корех иза чуюжуш а яьккхина, чIагIдо "Нохчийчоь тахана" агенталло.
Хаам барехь, бохам хиллачу метте кхаьчначу лоьрийн тобано кехат хIоттийна зуда елла хиларх лаьцна, ткъа тIаьхьо, судмедэксперто таллам бича, зуда ницкъ бина йийна хиларан ларш ца карийна.